Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 8:15 - Делан Йозанаш

15 Чохь дӀаьвше лаьхьарчий болу а, сту лоцу гезгаш йолу а, екъа а, хи доцуш йолу а, йоккхачу, къемате кхерамечу а яьссачу аренгахула шу чекхдаьхнарг Иза вара. Шуна мокхазан тархана чуьра хин хьоста даьккхинарг а Веза Эла вара.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 8:15
16 Referencias Cruzadas  

ТӀаккха Цо уьш хийрачу махкарчу нехан кара дӀабелира, тӀаккха царна тӀехь куьйгалла деш церан мостагӀий дӀахӀиттира.


Веза Эла, Ахьа сан са Ӏожаллех кӀелхьардаьккхина, сан бӀаьргаш – бӀаьрхих, сан когаш – ког тасабаларх.


ХӀара бу НегӀаб яьссачу арахь долчу дийнатех лаьцна хаам: «Шена чохь дуккха а лоьмаш долчу а, шена чохь дӀаьвше лаьхьанаш а, саьрмикаш а долчу сингаттамечу а, кхерамечу а махкахула дӀабоьлху яхӀудхойн векалш. Шайн варрашна а, эмкалшна а тӀедехкина, деза совгӀаташ хьо цара цхьана а агӀор шайна дан гӀо доцучу халкъана.


Йовхачу гӀамарх хин Ӏам хир бу, декъа латта хьостанаша дузор ду. ЧангӀалкхаша шайна баннаш дина меттигашкахь шач а, эрз а хьалабер бу.


Хьовсал, Со керланиг деш ву! Иза хӀинцале схьадеана. Шуна ца хаало иза? Ас яьссачу аренгахь некъаш а дохкур ду, эрначу аренгахь татолаш а хоьцур ду.


Цара хӀунда ца хаьттина: „Мичахь ву вай Мисар-махкара арадаьхна волу Веза Эла? Шена тӀехь гӀамарш а, Ӏаннаш а долчу, ша екъа а, Ӏаьржачу бодане а долчу, шена тӀехула цхьа а некъахо ца вогӀучу, шена тӀехь цхьа а Ӏаш воцучу яьссачу аренгахула схьадалийна волу Веза Эла мичахь ву хӀинца?“


Яьссачу аренгахь шуна уллохь хилларг Со ма вара, къаьсттина декъа долчу оцу лаьттахь.


Шен куьг хьала а айина, тархах шозза Ӏаса туьйхира цо. Дуккха а хи доладелира цу тархах. Наха а, даьхнино а мелира иза.


Везачу Эло халкъана тӀе дӀаьвше лаьхьарчий хийцира. Цара лецна, исраилхойх дукха нах белира.


Иштта цара массара а цхьатерра синна оьшуш долу малар а мелла, хӀунда аьлча цара шайца лелош болчу тамашийначу тӀулгах схьадолу хи молура. Ткъа и ТӀулг бара – Дала леррина Къобалвинарг.


«Хьарибара ара а девлла, вайн Везачу Дала тӀе-ма-диллара дӀа а оьхуш, эмархойн лаьмнашна тӀе доьлхуш, шуна гиначу йоккха а, къемате кхераме а йолчу яьссачу аренгахула чекх а довлуш, вай Кхадеш-БарнаьӀе кхечира.


Цо иза лаьттан локхаллина тӀехь леладойтура. Цо иза аренаш тӀехь хьалаяьллачух дузадора, тӀулгах схьа долу моз а, чӀогӀачу тархах схьадолу зайтдаьтта а даадора цунна.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios