Карлабаьккхинарг 7:8 - Делан Йозанаш8 Везачу Элана хьо деза дела а, Цо шун дайшна делла ваӀда лардо дела а хаьржина дара. И бахьана долуш Везачу Эло хьо, ондачу куьйгаца лоллин цӀа чуьра ара а даьккхина, Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунан карара паргӀатдаьккхина. Ver Capítulo |
Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьуна реза а хилла, хьо Шен паччахьан гӀанта тӀе, Шен цӀарах паччахьалла дайтархьама, охьахаийна волу! Исраилан халкъе Шен болчу безамна а, и халкъ гуттаренна а чӀагӀдархьама а, Везачу Эло хьо паччахь хӀоттийна, цу халкъана тӀехь хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а».
Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хӀуманаш дарца а, тӀом барца а, ондачу куьйгаца а, дӀакховдийначу пхьаьрсаца а, чӀогӀачу къематашца а кхин муьлха дела маца гӀиртина те, кхечу къомах паргӀат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бӀаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш!