Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 7:5 - Делан Йозанаш

5 Амма аша царна хӀара делаш: церан сагӀа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хӀиттийна церан тӀулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бӀогӀамаш дӀахедаделаш, церан цӀуш багабелаш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 7:5
16 Referencias Cruzadas  

Цу чуьра цӀу-делан дечиган бӀогӀам ара а баьккхина, иза багийра цара.


ПӀелаштамхоша цигахь шайн деланаш битира, ткъа Дауда, омра а дина, уьш цӀергахь багабайтира.


Хийрачу деланашна сагӀа доккху меттигаш а, царна Ӏибадат дан билгалдаьхна гунаш а дӀадехира Асас. Иштта харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а дохийра цо, Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хедийра.


Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Ӏамал а ма е, цу нахах дӀа а ма тарло. Мелхо а, церан цӀуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хӀиттийна тӀулгаш кегде.


Цара йина старгӀа схьа а эцна, иза яга а йина, цунах бухадисина дерг, ахьа а аьхьна, хи чу тесира Мусас. Юха и хи исраилхошка дӀамалийтира цо.


Церан сагӀа доккху меттигаш а, Ӏибадат дан хӀиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бӀогӀамаш хадабай, дӀабаха.


Шайн куьйгашца кечйинчу сагӀа доккхучу меттигашка, гӀо а дезаш, хьовсур бац уьш. Иштта уьш тешарца хьовсур бац шайн пӀелгашца динчуьнга – Ашера-далла лерина долчу дечиган бӀогӀамашка а, хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерчашка а.


«Шайна цӀуш ма бе, лалийна цӀуш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, тӀулгех хедийна цӀуш а ма хӀиттабе, царна Ӏибадат дархьама, хӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву.


цу махкахь бехаш болу берриге а бахархой а дӀалахка. Массо а церан тӀулгех хедийна цӀуш а, боьттина бина цӀуш а, сагӀа доккху гунаш а дохаделаш.


Шайн Везачу Далла аша дӀахӀоттор болчу сагӀа доккхучу кхерчана уллохь Ашера-далла лерина болу цхьа а дечиган бӀогӀам ма хӀоттабелаш


Харцделанашна а тӀулгаш дӀа ма хӀиттаделаш. Иза шун Везачу Далла цадезарг ду».


Церан цӀу-деланаш цӀергахь багабелаш. Царна тӀехь долу деши я дети схьаэцар шайн дегнаш чу ма дожийталаш, шайна царах речӀанаш ца хилийтархьама, хӀунда аьлча иза шун Везачу Далла дегаза хета.


Ткъа аша дина къилахь хӀума, старгӀин и сурт, схьа а эцна, цӀергахь дагийра ас. ТӀаккха иза йоха а йина, хьаша а хьаьшна, чан санна, ата а аьтта, лам тӀера охьаоьхучу хи чу тесира ас.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios