Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 7:3 - Делан Йозанаш

3 Гергарлонаш а ма тийсалаш цаьрца. Шайн йоӀарий церан кӀенташка а ма бахийталаш, церан йоӀарий шайн кӀенташна а ма балабелаш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 7:3
14 Referencias Cruzadas  

стигалан а, Лаьттан а Дела волчу Везачу Элана хьалха суна чӀагӀо е, КанаӀан-махкара цхьа а йоӀ сан кӀанте ялайойтур яц алий. Вай кху халкъана юкъахь Ӏаш ду, амма канаӀанхо ма ялаяйталахь цуьнга.


Уьш бара Везачу Эло исраилхошка иштта дешнаш аьллачу оцу къаьмнех: «Аша оцу къаьмнех йолу зуда яло мегар дац, шаьш цаьрга шайн деланашна тӀаьхьа ца хӀиттадайтархьама». Амма и зударий тӀех дукха безарна, корта дӀабаханера Сулим-паччахьан.


НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама летийна долу къинош ша летадар шена кӀезиг хеташ санна, цӀаданхойн паччахь волчу Эти-БаӀалан йоӀ Изабал а ялийра Ахьаба шена, БаӀал-цӀунна Ӏамал ян а, Ӏибадат дан а волавелира иза.


Ткъа хӀинца тхоьга тхан Далла хьалха барт байтахьара ахьа, хӀара зударий а, цара дина долу бераш а оха дӀадохуьйтур ду аьлла. Сан эла волчу ахьа а, иштта Далла хьалха ларамах буьзна болчу наха а хьоьхуш дерг оха тӀелоцур дара, товрат-хьехамашца тхо лелар а дара.


Цундела шайн кӀенташка церан зудабераш маре ма даладайта, шайн зудабераш цаьрга маре дӀа а ма дигийта. Цу нахах дӀа ма кхета! Машар я диканиг цаьрца цкъа а ма леха. Шу иштта лелахь, онда хир ду шу, лаьтто кхиийна мел дерг аша дуур ду, хӀара латта гуттаренна шун берийн дола долуьйтур ду“.


Оха чӀагӀо йо тхайн зудабераш кхечу къаьмнех болчу нахе маре ца дахийта а, церан зудабераш тхайн кӀенташка схьа ца даладайта а.


Дас-нанас цуьнга элира: «Хьан гергарчарна я къомана юкъахь яц ахьа ялон мегар йолу йоӀ? Стенна лоьху ахьа сунтбаза болчу пӀелаштамхошна юкъахь хьайна яло зуда?» Амма Шамшона шен дега элира: «Иза ялае суна. И йоӀ суна хазахетта».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios