Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 7:26 - Делан Йозанаш

26 Шайн цӀенош чу а ма балабелаш и дегаза цӀуш, уьш санна кхоччуш дакъазадаха шаьш дӀакъастийна ца хилийтархьама. Царах даша а ма даша, уьш уггар дегаза а хета, хӀунда аьлча уьш кхоччуш дакъазадаха лерина Везачу Элана дӀакъастийна хӀуманаш ду».

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 7:26
15 Referencias Cruzadas  

Цу дийнахь стага ша Ӏибадат дан бина дато а, дашо а цӀуш боьлкъазаршна а, бирдолагашна а дӀакхуьйсур бу,


ТӀаккха аша детица кхелина болу шайн цӀуш а, дешица кечдина долу суьрташ а кхиссина дӀадохуьйтур ду, боьха нехаш санна: «Яхийта кхузара!» – аьлла.


Амма шу хӀумма а йоцурш ю, шун гӀуллакхаш а ду пайда боцуш. Шу хоржуш верг а дегаза ву.


Сан халкъо, ша цига юхадирзича, берриг а дегаза а, ирча а цӀуш схьа а гулбина, уьш хӀаллакбийр бу.


Нагахь санна муьлхха а исраилхо я муьлхха а Исраил-махкахь вехаш волу кхечу къомах волу стаг, Соьгара жоп оьшуш, пайхамар волчу гӀахь, ткъа и стаг, Соьгара дӀа а вирзина, шен даг чохь цӀушна тӀевирзина а хилахь, цо ша галволуьйтуш йолу харцдолчун новкъарло шен бӀаьргашна хьалха дӀа а хӀоттаяхь, Веза Эла волчу Аса цунна Сайгара жоп лур ду.


Юха а бирзина, цуьнан ӀиндагӀехь Ӏийр бу уьш. КӀа санна, денлур бу уьш, кемсийн таьлланг санна, хьалакхуьур бу, Ливанунан чагӀаран санна, церан хьожа хир ю.


«Ас дӀакхайкхадайтина тептар тӀехь долу и неӀалт, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Иза хӀора къуьнан цӀа чу а кхочур ду, Сан цӀе а йохуш, харц дуй буучун чохь а хир ду. И стаг а, цуьнан дитташ а, цуьнан тӀулгаш а хӀаллакдина хир ду».


Сийсаза ма лела а бохуш, хьо-хьо иштта лелий те? ЦӀуйх ца вешаш волчу ахьа харцделанийн цӀенош чохь айхьа къола дой те?


Ткъа гӀали чохь йолу ерриге а хӀонс майданна юккъе схьагулъе. ГӀала а, цуьнан мел йолу хӀонс а цӀерца ягае, шун Везачу Далла лерина долу сагӀа санна. Латтийла и гӀала даим саьлнаш а хилла, цкъа а юхаметтахӀоттийна хила ца еза иза.


Дакъазадаккха Далла дӀакъастийначух цхьа а хӀума шун куьйгех ма хьакхалойла, Везачу Эло, Шен оьгӀазалла дӀа а яьккхина, шуна Шен дика далийтархьама. Иза иштта делахь, Цо шух къинхетам бийр бу, шу доьбуьйтур а ду, шун дайшна Ша чӀагӀо ма-ярра.


Иштта хир ду, нагахь санна, ас хӀинца деш долу Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Цуьнан бӀаьргашкахь нийса дерг а деш, шайн Везачу Деле аша ладогӀахь».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios