Карлабаьккхинарг 7:23 - Делан Йозанаш23 Амма шун Везачу Дала шун кара дӀалур бу уьш. Царна тӀе боккха кхерам боссор бу, уьш хӀаллакбина бовллалц. Ver Capítulo |
Исраилхошна хьалха эмархой бохийтина, церан дегнаш чу кхерам тесира Везачу Эло. Исраилхойн эскаро ГавӀонехь дукха мостагӀий хӀаллакбира. Юха, царна тӀаьхьабевлла, Байт-Хьорон цӀе йолчу лам тӀе боьдучу новкъахула дӀабахара уьш. Ӏазекхи а, Макхеда а цӀераш йолчу меттигашка кхаччалц, хӀаллакбеш, дӀабигира цара эмархой.