Карлабаьккхинарг 7:2 - Делан Йозанаш2 Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш. Ver Capítulo |
ТӀаккха паччахьо, гавӀонхой шена тӀе а кхайкхина, цаьрца къамел дира. (ГавӀонхой исраилхойх схьабевлла бацара, уьш эмархойх тӀаьхьадисинчу хӀух бара. Исраилхоша дуй биънера, царна зулам дийр дац шаьш аьлла, амма исраилхошна а, яхӀудхошна а тӀевирззина гӀайгӀа беш волу Шаул уьш хӀаллакбан гӀерташ хиллера.)
Бен-Хьадида элира цуьнга: «Сан дас хьан дегара схьаяьхна хилла йолу гӀаланаш аса хьуна юхаерзор ю. Хьайн долахь базарш хила а йиш ю хьан Дамасакхехь, сан ден а Шамран-гӀалахь базар ма-хиллара». Ахьаба элира: «Вайшиммо и барт дӀаязбинчул тӀаьхьа аса дӀахоьцур ву хьо». Иштта, Бен-Хьадидаца барт а бина, иза дӀахийцира Ахьаба.