Карлабаьккхинарг 7:18 - Делан Йозанаш18 ма кхералаш царах, амма дагадаийталаш шун Везачу Дала пирӀунна а, берриг а мисархошна а динарг. Ver Capítulo |
ГадӀана жоп делира: «Сан эла! Веза Эла вайца велахь, вайна оццул зенаш хӀунда хилла? Вайн дайша схьадийцина долчу массо а инзаречу гӀуллакхашна хӀун хилла теша? Цара ца дуьйцура те, Везачу Эло шаьш Мисар-махкара арадаьхна бохуш?! Амма вай хӀинца Везачу Эло дӀа ма тесна. Цо вай маданхойн кара дӀаделла».