Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 7:16 - Делан Йозанаш

16 Шун Везачу Дала шайн кара дӀалуш долу массо а халкъаш аша хӀаллакдан деза. Царах къинхетам а ма белаш, церан деланашна гӀуллакх а ма делаш, хӀунда аьлча уьш шуна дӀахӀиттийна йолу речӀанаш хир ю.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 7:16
21 Referencias Cruzadas  

Токхечу лаьттах Цо дуьра аре йо, цу тӀехь дехаш долчу адамийн волла.


Цо цига баха меца нах а балабо, ткъа цара цигахь шайна даха ховша гӀала а йо.


Хьан махкахь уьш буьтийла дац, Суна дуьхьал хьоьга къинош ца летадайта, хӀунда аьлча церан деланашна ахь Ӏамал яхь, иза хьуна боьгӀна гур хир бу».


Цул тӀаьхьа, – боху Везачу Эло, – яхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу а, цуьнан тхьамданаш а, цу гӀалара Ӏожаллин уьнах а, туьрах а, мацаллах а кӀелхьардаьлла долу халкъ а дӀалур ду Аса бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецаран кара а, уьш байа лууш болчу церан мостагӀашна а. Набухди-Нецара уьш туьраца хӀаллакбийр бу. Цо уьш кхоор а бац, царах къа а хетар дац, къинхетам а бийр бац“.


Ткъа нагахь санна аша шайна юкъара цу мехкан бахархой дӀа ца лелхабахь, царах шуна юкъахь бисинарш шун бӀаьргашна кӀохцалан коьллаш а, шун агӀонаш тӀе Ӏиттало мехий а санна хир бу. Цара шу дехаш долу латта гаттадийр ду шуна.


Ма Ӏехалолаш, вежарий! «Вочу накъосто дика амал талхайо».


Хьо реза а ма хилалахь, цуьнга ла а ма догӀалахь. Хьан бӀаьргашна цунах къа ма хетийла. Цунах къинхетам а ма бе, иза хьул а ма ве.


Амма иза вей дӀаваккха. Уггар а хьалха хьан куьг хила деза цунна тӀе айина, иза верхьама. Цул тӀаьхьа дерриг а халкъан куьг хила деза цунна тӀехь.


Шун бӀаьргашна къа ма хетийла цунах. Бехк боцучу стеган цӀий Ӏанор дӀадаккха исраилхошна юкъара, шуна дика хилийтархьама».


Къа ма хетийла цунах шун бӀаьргашна: синах са даккха догӀу, хьайн бӀаьрг баккхахь, цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха, куьйгах – куьг, когах – ког».


цуьнан куьг дӀахададе. Цунах къа ма хеталаш.


Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш.


Церан цӀу-деланаш цӀергахь багабелаш. Царна тӀехь долу деши я дети схьаэцар шайн дегнаш чу ма дожийталаш, шайна царах речӀанаш ца хилийтархьама, хӀунда аьлча иза шун Везачу Далла дегаза хета.


Везачу Элера дара, уьш, шайн дегнаш а чӀагӀдина, исраилхошна тӀамца дуьхьалбовлар. Исраилхойн и мостагӀий хӀаллакбархьама а, царах къинхетам цабархьама а динера Цо иза. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, хӀаллакбан безара уьш.


Исраилан халкъо Везачу Элана, шайн дай Мисар-махкара арабаьхначу Далла, букъ берзийра. Уьш шайна гонах долчу халкъийн харцделанашна гӀуллакх дан буьйлабелира. Цара Веза Эла шайна чӀогӀа оьгӀазвахийтира.


Ткъа хӀинца Аса шуьга боху: „Аса и нах шун лаьтта тӀера дӀалохкур бац. Уьш шуна мостагӀий хилла дӀахӀуьттур бу, ткъа церан харцделанаш шуна гур хилла дӀахӀуьттур бу“».


Церан зудабераш шайна маре а далош, шайн зудабераш церан кӀенташка маре дӀа а дохуьйтуш, церан деланашна гӀуллакх а деш, Ӏаш хилла уьш.


Цу деших ГадӀана, ийпад а йина, иза шен Ӏапру цӀе йолчу юьртахь охьайиллира. Массо а исраилхо цу ийпадна корта тоха оьхуш вара. И ийпад ГадӀанна а, цуьнан дерриг а цӀенна а гур хилла дӀахӀоьттинера.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios