Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 7:13 - Делан Йозанаш

13 Шу дезар а ду, шу декъал а дийр ду, шу доьбуьйтур а ду Цо. Шун кийрахь верг а декъалвийр ву, шун латто луш дерг – ялта а, чагӀар а, зайтдаьтта а – декъалдийр ду, шун бежанийн эсий а, жийн Ӏахарий а декъалдийр ду Цо шун дайшка шуна лур ду аьллачу лаьтта тӀехь.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 7:13
26 Referencias Cruzadas  

Ткъа хӀинца, тхан Дела, ва сийлахь Дела. Хьо Майраниг а, ларамах дузуьйтуш Верг а, вайна юкъахь болу безаман барт Ларбийриг а ма ву! Хьуна хьалха кӀезиг ма хетийла оха а, тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а, тхан динан дайша а, тхан пайхамарша а, тхан дайша а, дерриг а Хьан халкъо а хьоьгуш болу бала. И бала Ашур-махкарчу паччахьашна тӀера дуьйна хӀара де тӀекхаччалц оха хьоьгуш бу.


Ахьа ларвеш ма ву иза а, цуьнан цӀа а, цуьнан мел болу бахам а. Цуьнан куьйгаша хьегна къа Ахь декъалдина, берриг а мохк цуьнан жаша а, дохно а буьзна лаьтташ бу.


Везачу Эло цуьнан дӀаяьллачу заманал а чӀогӀа декъалдира цуьнан дисна дахар. ХӀинца цуьнан бейтта эзар уьстагӀ а, газа а яра, ялх эзар эмкал а яра, цхьа эзар шуьста а бара, иштта цхьа эзар виркхела а яра.


Ву иза доьдучу хин йистехь доьгӀна дитт санна, шен хенахь стом а ло цо, гӀа а маргӀал ца дулу цуьнан, ша мел дечунна тӀехь аьтто а хуьлу цуьнан.


Везачу Элан дешнаш – цӀена дешнаш ду. Кхерча диллина долу, ворхӀазза дахчийна дети санна уьш ду.


ТӀаккха цуьнан цӀа чуьра цуьнан зуда а хир ю, стом луш йолу кемсийн таьлланг санна. Оцу стага дӀадоьгӀначу зайт-диттан гаьннаш санна, цуьнан бераш а хир ду цуьнан шуьнна гонах.


Цо стигал мархашца дӀакъовлу, лаьттана догӀа хуьлуьйту, гунаш тӀехь буц хьалайолуьйту.


Суна, шайн Везачу Далла, Ӏамал е. Шу иштта лелахь, Ас декъалдийр ду шун бепиг а, хи а, шуна тӀера цамгарш дӀа а йохур ю.


Везачу Эло декъалваро хьал дахьа, ткъа къахьегаро цунна хӀумма а тӀе ца туху.


Везачу Элана ца деза Ӏесачу нехан некъаш, ткъа нийсачу новкъахула леларш Цунна беза.


Шун терго йийр ю Ас, шу доьбуьйтур ду, дуккха а бераш а хуьлуьйтуш. Вай бинчу барта тӀехь Со чӀогӀа лаьттар ву.


Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду.


Ас тӀедиллина гӀуллакхаш тӀе а оьцуш, уьш кхочушдеш верг ву Со везарг. Ткъа Со везнарг Сан Дена а везар ву. Суна а везар ву иза, Аса Со гойтур ву цунна».


Аса шайна тӀедехкинарш аша кхочушдеш хилча, Сан безамехь хир ду шу, Сан Ден безамехь Со хиларе терра, Аса а Сайн Дас тӀедехкинарш нийсса кхочушдина дела.


ХӀунда аьлча Дена Шена а деза шу, шуна Со везна дела а, Со Дех схьаваьлла хиларх шу тешна дела а.


ХӀара латта Ас хӀинца шуна дӀалуш ду. Чу а гӀортий, шайн дола даккха и латта, хӀунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тӀаьхьа йолчу церан тӀаьхьенна а дӀалур ду аьлла ваӀда дина латта ду иза“».


Дакъазадаккха Далла дӀакъастийначух цхьа а хӀума шун куьйгех ма хьакхалойла, Везачу Эло, Шен оьгӀазалла дӀа а яьккхина, шуна Шен дика далийтархьама. Иза иштта делахь, Цо шух къинхетам бийр бу, шу доьбуьйтур а ду, шун дайшна Ша чӀагӀо ма-ярра.


«Шу шайн Везачу Деле ладугӀуш а хилахь, ас шуна тахана дуьйцуш долу, Цо тӀедиллинарг дерриг а кхочушдеш а хилахь, шун Везачу Дала дуьнен чуьра массо а халкъал лакха ойур ду шун халкъ.


Везачу Эло шуна массо а дикачу хӀуманна тӀехь беркат хуьлуьйтур ду. Дуккха а бераш а хуьлуьйтур ду шун, шортта дохкана а хуьлуьйтур ду. Шуна лур ду аьллачу, шун дайшна Ша чӀагӀо йинчу лаьтта тӀехь шортта ялта а хуьлуьйтур ду.


Везачу Дала шун дайн долахь хиллачу лаьтта тӀе схьадалор ду шу. И латта шун дола дер ду. Цо шуна дика мел дерг а дийр ду, шун дайл а дукха шу доьбуьйтур а ду.


Везачу Эло хьо Шен деган лаам бар а, хьо харжар а массо а халкъел хьо дукха долу дела дацара – хьо массо а халкъел жима халкъ ма ду, –


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios