Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 7:12 - Делан Йозанаш

12 «Нагахь санна аша оцу хьехамашка ладогӀахь, уьш ларбахь, кхочушбахь, тӀаккха шун Везачу Дала, Ша шун дайшка ваӀда дина ма-хиллара, Ша шуьца бина безаман барт ларбийр бу.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 7:12
19 Referencias Cruzadas  

элира: «Ва Исраилан халкъан Веза Дела, вац Хьох тера волу Дела я лакхахь стигалшкахь, я лахахь лаьтта тӀехь! Вайна юкъахь болу барт лар а беш, цунна Хьо тешаме хуьлу доггах Хьайна тӀаьхьа хӀоьттинчу Хьайн лешна.


ТӀаккха сайн доӀанехь аса дийхира: «Ва Веза Эла, стигалийн Дела, сийлахь а, нах ларамах бузуьйтуш а волу Дела. Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш волчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь!


Ткъа хӀинца, тхан Дела, ва сийлахь Дела. Хьо Майраниг а, ларамах дузуьйтуш Верг а, вайна юкъахь болу безаман барт Ларбийриг а ма ву! Хьуна хьалха кӀезиг ма хетийла оха а, тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а, тхан динан дайша а, тхан пайхамарша а, тхан дайша а, дерриг а Хьан халкъо а хьоьгуш болу бала. И бала Ашур-махкарчу паччахьашна тӀера дуьйна хӀара де тӀекхаччалц оха хьоьгуш бу.


Лекха лаьмнаш масаршна хӀусам хилла дӀахӀиттина, ткъа тархех лаьмнийн дехкашна дӀаловчкъийла хилла.


Царна хьакъ доллу кхел ярхьама а хуьлийла иза. Цунна тешаме болчу массарна а иза сийлаллина хир ду. Хастам бу Везачу Элана!


Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогӀахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тӀедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тӀе яхкийтинчу цамгарех шуна тӀе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хӀунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча».


ТӀаккха хьалха шун дайшна Айса йина йолу чӀагӀо кхочушйийр яра Аса – Аса шуьрех а, мазах а дуьзна долу токхе латта лур дара царна’. Ткъа оцу лаьтта тӀехь шу хӀинца дехаш ду“». Ткъа аса жоп делира: «Амин, Веза Эла!»


Тхаьш летийначу къиношна къера а хуьлуш, ас сайн Везачу Деле доӀа дира. Ас элира: «Доьху Хьоьга, Хьалдолу Дела! Хьо сийлахь а, кхераме а ма ву! Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш болчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь!


Якъубан тӀаьхьенна Хьо тешаме хир ву, ИбрахӀиман тӀаьхьенна Ахь къинхетам дӀагойтур бу. Иза тхан дайшна юьхьанца дуьйна Ахьа ваӀда деш лур ду аьлларг ду.


ХӀара латта Ас хӀинца шуна дӀалуш ду. Чу а гӀортий, шайн дола даккха и латта, хӀунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тӀаьхьа йолчу церан тӀаьхьенна а дӀалур ду аьлла ваӀда дина латта ду иза“».


Тахана шайга деш долчу Сан весеташка аша леррина ладогӀахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цунна даггара а, мел долчу синца а аша гӀуллакх дахь, –


Амма, шена тӀедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тӀаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас.


Цундела Ас тахана кхочушдан шайна тӀедехкина долу весеташ а, парзаш а, хьехамаш а ларбелаш».


Цундела хаалаш, исраилхой, шун, Веза Дела бен, бакъволу Дела вац. Иза тешаме Дела ву, Цо Шен безаман барт ларбо Ша везачаьрца а, Шен весеташ кхочушдечаьрца а церан эзар тӀаьхьенна тӀекхаччалц.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios