Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 7:10 - Делан Йозанаш

10 Амма Ша ца везачарна доггӀург Цо дийр ду, уьш хӀаллак а беш. Иза хьелур вац, Ша ца везачунна хӀоранна шена-шена догӀу таӀзар дан.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 7:10
18 Referencias Cruzadas  

Царна корта а ма бетта, Ӏибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таӀзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц таӀзар до.


Шен тешам эзарнаш тӀаьхьенашкахь латтош волу а, зуламна а, харцонна а, къинна а гечдеш волу а, амма бехк бекхам ца беш ца буьтуш волу а, дайша латийначу къинна берашна а, берийн берашна а кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенехь таӀзар деш волу а».


Лаьтта тӀехь а болуш, дикачу нахана царна догӀург луш хилча, Ӏеса а лелаш, къинош летош болчарна цул сов а иза лур ду.


Цара динчуьнга хьаьжжина, Цо Шена дуьхьалбевллачарна дералла гойтур ю, мостагӀашна бекхам бийр бу, хӀордан йистерчу халкъашна а царна доггӀург дӀалур ду.


Веза Эла, Ахьа эзарнашкахь болчарна Хьайн хедар боцу безам гойту, амма дайша летийна долу къинош бахьана долуш, церан берашна таӀзар до. Хьо сийлахь а, нуьцкъала а Дела ву, Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолуш волу!


Веза Эла – эмгаралла йолу Дела а, бекхамхо а ву. Бекхам бийриг а, дераллах вуьзнарг а ву Иза. Шена дуьхьалболчарна бекхам а бо Цо, мостагӀашна дуьхьал моха а латтайо Цо.


Шаьш тӀорказ новкъа доккхуш, Мусас олура: «ГӀаттахьа, Веза Эла! ХӀаллакьхуьлда Хьан мостагӀий, Хьо ца везарш бовдийла Хьох!»


„Веза Эла атта оьгӀаз ца воьдуш а, боккха безам болуш а ву, нехан къиношна а, аьрхаллина а геч а до Цо. Амма Цо бехк таӀзар ца деш а ца буьту. Церан дайша далийтина вон бахьана долуш берашна – кхоалгӀачу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц – таӀзар до Везачу Эло“.


Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гӀерталаш, ткъа иза Делан кара дӀалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду“, – боху Везачу Эло».


Уьш туьро арахьа хӀаллакбийр бу, ткъа цӀа чохь – кхерамо: къонах а, йоӀстаг а, декхаш долу бер а, къежвелла къано а.


Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду. Хан тӀееача, церан ког галбер бу. Церан хӀаллакьхиларан де герга ду, церан къемате кхоллам тӀекхочу“.


‘Сайн къегаш долу тур Ас ирдича, Сан куьйго кхел яран герз схьаэцча, Ас бекхам бийр бу Сайн мостагӀашна, Со ца везачарна а дийр ду царна доггӀург.


Царна корта а ма бетта, Ӏибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таӀзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц таӀзар до.


Цундела Ас тахана кхочушдан шайна тӀедехкина долу весеташ а, парзаш а, хьехамаш а ларбелаш».


Цундела хаалаш, исраилхой, шун, Веза Дела бен, бакъволу Дела вац. Иза тешаме Дела ву, Цо Шен безаман барт ларбо Ша везачаьрца а, Шен весеташ кхочушдечаьрца а церан эзар тӀаьхьенна тӀекхаччалц.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios