8 Шайн куьйгаш тӀе дӀадехка уьш билгалонна, шайн хьаьжнашна тӀе а дӀадехка уьш хьехорна.
Цундела таханлера де гуттар а дагахь латтаде, цу дийнахь аша дагадоуьйтур ду Ас шайна динарг. И де даздарца шун тӀаьхьенаша гуттар а йолчу хенахь Веза Эла лорур ву».
Куьйга тӀе йихкина хӀума санна, хьетӀехь йолу билгало санна хуьлийла иза хьуна, Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца вай Мисарара арадахар дагахь латтийта».
Куьйга тӀе йихкина хӀума санна хуьлийла иза хьуна, хьетӀехь йина йолу билгало санна, хуьлийла. Цу дезачу дийно дагахь латтор ду хьуна Везачу Элан хьехамах ахь дуьйцуш хила дезар, хӀунда аьлча Шен боккхачу ницкъаца Везачу Эло хьо Мисарара араваьккхина.
Безам а, тешаме хилар а хьох цкъа а дӀа ма доьрзийла. Хьайн логах уьш дӀа а хьарчаде, хьайн даг тӀехь уьш дӀа а язде.
Уьш даим хьайн дагах дӀа а дехка, хьайн коча дӀа а хьарчаде.
Хьайн куьйган пӀелгех дӀадехка уьш, даг тӀехь дӀа а язде уьш.
Цара шаьш деш долу дика нахана гайтархьама до: Делан Йозанаш тӀеяздина йолу церан хьаьжнаш тӀе йоьхкург кхечерачул шорлуш ю, ткъа обанаш тӀера чечакхаш яхлуш ю.
Цундела хӀара сан дешнаш шайн дегнаш чу а, синош чу а дӀадахка, дӀаяздина долу и дешнаш шайн куьйгаш а, хьаьжнаш а тӀе дӀадехка, уьш дагадаийтархьама.
Цундела ваьшна хезначунна къаьсттина чӀогӀа тидам тӀебохуьйтуш хила деза вай, тешарх хера ца довлархьама.