Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 6:6 - Делан Йозанаш

6 Тахана Ас весет деш долу хӀара дешнаш хьайн даг чохь латтаделахь.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 6:6
22 Referencias Cruzadas  

Аса ИбрахӀим хаьржина, цуьнга весет дайтархьама шен берашка а, тӀаьхьенашка а, Везачу Элана ма-лаъара, нийсонца а, хьанал а даха аьлла. ТӀаккха Везачу Эло Ша дийр ду аьлларг дерриг а дийр ду цунна».


Цуьнан дерриг а тӀедехкинарш суна хьалха дара, Цуьнан парзашна тӀера со дӀа а ца волура.


Со ца везначу массара а вовшашна юкъахь сох лаьцна шабар-шибарш до. Уггар а вониг сох лаьцна дага а лоьцуш, цара вовшашка олу:


Хьайн доллучу дагца Везачу Элах тешна Ӏаш хила. Хьайн долчу хьекъална тӀетевжаш а ма хила.


Хьайн куьйган пӀелгех дӀадехка уьш, даг тӀехь дӀа а язде уьш.


ЛадогӀа Соьга, бакъдерг девзаш дерш, Сан товрат-хьехам шайн дегнашкахь болу халкъ. Наха шайна кхиссарш ярх ма кхера, уьш шайх кхардарх а ма къахка.


ХӀара денош дӀадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тӀаьхьенца, – боху Везачу Эло. – Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тӀехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду.


Иза цаьрца Назарте схьавеара. Цара бохург деш, царна муьтӀахь вара Иза. Ткъа нанас дерриг а хилларг шен даг чохь латтадора.


Ткъа дикачу лаьтта тӀе эгнарш – уьш, дош а хезна, дикачу, цӀеначу даг чохь и лардеш, собаре хиларца пайден стом луш берш бу».


Аша гойту Дала леррина Къобалвинчун кехат шаьш хилар, оха динчу гӀуллакхан жамӀ долу. И кехат шекъанца доцуш, ткъа дийна долчу Делан Синца яздина ду. ТӀулга тӀехь яздина доцуш, ткъа адамийн дегнаш чохь яздина ду иза.


Цундела хӀара сан дешнаш шайн дегнаш чу а, синош чу а дӀадахка, дӀаяздина долу и дешнаш шайн куьйгаш а, хьаьжнаш а тӀе дӀадехка, уьш дагадаийтархьама.


ДӀаязде уьш шайн неӀсагӀанаш тӀе, шайн кевнаш тӀе,


Мусас цаьрга иштта элира: «Ас тахана шайна дӀахьедина долу дерриге а дешнаш шайн даг тӀе дижийта. Шайн берашна тӀедилла, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдар.


Дала леррина Къобалвинчун дош дуккха а дехийла шун даг чохь. Шайн мел долчу хьекъалца вовшашна хьехамаш а бе, вовшийн кхета а де. Шайн дегнаш чохь Далла баркаллаш а кхайкхош, назманаш а ала, эшарш а лекха, динан иллеш а ала.


ХӀунда аьлча билггал бакъдерг вайца долуш а ду, абадехь хир а ду.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios