3 Исраилан халкъ, ла а догӀа, уьш леррина кхочуш а де, шайна дика хилийтархьама а, шу алсам дебийтархьама а шуьрех а, мазах а дуьзна токхе лаьтта тӀехь, шун дайн Везачу Дала шуна чӀагӀо ма-ярра.
Амма Аса цаьрга цхьа весет дира: „Соьга ладугӀуш хила, ткъа Со шун Дела хир ву, шу Сан къам хир ду. Аса шайна тӀе мел дехкинчу некъашкахула лела, шайн хьал дика хилийтархьама“, – аьлла.
Церан дайшка Айса чӀагӀо ма-ярра, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе буьгур бу Ас уьш. Юуш а, бузуш а бехар бу уьш, барста а берстина, кхечу деланашна тӀе а бирзина, царна гӀуллакх деш лелар бу уьш. Ткъа Сох дӀа а бирзина, Ас шайца бина барт бохор бу цара.
Уьш лар а бе, кхочуш а бе, хӀунда аьлча цунах кхечу халкъашна гур ду, шун хьекъалалла а, кхетамалла а дуйла. И массо а парзаш шайна дӀахезча, цара эр ду: „ЭхӀ, хӀара сийлахь къам ма хьекъале а, кхетаме а халкъ ду!“