25 Нагахь санна вайн Везачу Далла хьалха, и дерриг а весеташ, Цо вайна тӀе-ма-диллара, леррина кхочуш а деш, вай лелахь, иза Далла тамехь хир ду“».
Цо закъалтана елларг малх чубузале юхало, шайн бедарш тӀехь а йолуш дӀадийшинчохь цуьнга шаьш декъалдайтархьама. Шун Везачу Дала иза бакъахьара лелар лорур ду.
Дала стаг Шена хьалха муха бакъво шаьш ца кхета дела, иза шайгара хилийта гӀиртина дела, Дала нах бакъбеш болчу некъана муьтӀахь ца хилира уьш.
Берриг а товрат-хьехамаш кхочуш а беш, цхьана хӀуманна тӀехь къалатийнарг массо а хӀуманна тӀехь а бехке хуьлу.
Делан лаамехь волчу стеган некъ дахарна тӀебоьду, цу некъа тӀехь Ӏожалла а яц.
ТӀехдукха ваьхна со машар ца безачарна юкъахь.
Сан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде. Уьш кхочушдийриг цаьрца вехар ву. Со Веза Эла ву.
Муса-пайхамаран товрат тӀехь долчу бакъахьарачу гӀуллакхийн цхьа а уьйр яц тешарца, цу тӀехь аьлла ду: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».
Ас царна Сайн парзаш а делира, иштта Сайн тӀедехкинарш дӀа а хаийтира. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула билггал вехар ву.
ХӀунда аьлча цара Якъубан халкъ дӀакхаьллина, иза Ӏаш болу мохк а бохийна.
Иза Сан парзашца а лела, цо Сан тӀедехкинарш лар а до. Иза Сан лаамехь верг ву, цундела иза вехар а ву» – боху Хьалдолчу Эло.