23 Ткъа Везачу Эло вай цигара ара а дехира, дӀа а дигира, вайн дайшна чӀагӀо а еш, лур ду аьлла долу латта вайна схьадалархьама.
Везачу Эло канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а лаьтта тӀе дуьгур ду шу. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе и латта шун дайшна лур ду аьлла, чӀагӀо йинера Везачу Эло. Цундела кху баттахь хӀара гӀуллакхаш де.
„ХӀокху адамийн телхинчу гаранна юкъара цхьана а адамна гур дац, шун дайшна Ас лур ду аьлла, ваӀда дина долу дика латта, – аьлла. –
ХӀара латта Ас хӀинца шуна дӀалуш ду. Чу а гӀортий, шайн дола даккха и латта, хӀунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тӀаьхьа йолчу церан тӀаьхьенна а дӀалур ду аьлла ваӀда дина латта ду иза“».
«Шайн Везачу Дала шун дайшна, ИбрахӀимна, Исхьакхана, Якъубана, шуна дӀадала ваӀда динчу лаьтта тӀе гӀур ду шу. Шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша йина йоцу яккхий а, дика а гӀаланаш ю.
Шайн Везачу Далла хьалха нийса а, дика а дерг делаш шайна диканна хилийтархьама а, Везачу Эло, шайн дайшна чӀагӀо а еш, шайна лур ду аьллачу лаьтта тӀе а девлла, иза дола даккхархьама а,
ТӀаккха вайн бӀаьргашна хьалха Везачу Эло тамашийна гӀуллакхаш а, Ӏадоран билгалонаш а гайтира Мисаран халкъана а, пирӀунна а, цуьнан массо цӀенна а тӀехь.
Дерриг а и парзаш кхочушдан а, вайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила а тӀедиллира вайна Везачу Эло, массо а заманахь вай дика хилийтархьама а, тахана санна, вай дийна дисийтархьама а.