Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 6:21 - Делан Йозанаш

21 аш цаьрга иштта дӀаала: „Вай Мисар-махкахь пирӀунан леш дара, амма Везачу Эло вай арадехира Шен ондачу куьйгаца.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 6:21
21 Referencias Cruzadas  

Амма ЛутӀа шина даггахь вара, хӀоьттинчу хьолах дика ца кхетара иза. Амма Везачу Эло ЛутӀех къинхетам бира. Цундела цу шина малико иза а, цуьнан зуда а, ши йоӀ а, куьйгаш а лаьцна, гӀалех араяьккхира.


ХӀунда аьлча цара Якъубан халкъ дӀакхаьллина, иза Ӏаш болу мохк а бохийна.


Хьан кӀанта хьоьга хин йолчу хенахь хаттахь: „И хӀунда деш ду?“ – аьлла, ахь цуьнга ала: „Везачу Эло Шен боккхачу ницкъаца Мисарара ара а даьхна, лоллехь долчуьра паргӀатдаьхна вай.


Куьйга тӀе йихкина хӀума санна, хьетӀехь йолу билгало санна хуьлийла иза хьуна, Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца вай Мисарара арадахар дагахь латтийта».


Мусас халкъе элира: «Шаьш Мисарарчу лоллера арадевлла хӀара де дагахь латтаделаш. Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца арадаьхна шу кхузара. ХӀара де дагахь латточу хенахь совсийна бепиг ма даалаш,


Куьйга тӀе йихкина хӀума санна хуьлийла иза хьуна, хьетӀехь йина йолу билгало санна, хуьлийла. Цу дезачу дийно дагахь латтор ду хьуна Везачу Элан хьехамах ахь дуьйцуш хила дезар, хӀунда аьлча Шен боккхачу ницкъаца Везачу Эло хьо Мисарара араваьккхина.


«Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг.


Амма Суна хаьа, пирӀуно шу дӀахоьцур дац, нагахь иза нуьцкъаха цуьнга ца дайтахь.


Везачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга, нийсонна тӀе гӀертарш, Веза Эла лоьхурш! Шаьш схьахьаькхначу тархе хьовса, шаьш чуьра схьадаьхначу оре хьовса.


Дагахь латтаделаш Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар а, шайн Везачу Дала шу паргӀатдахар а. Цундела тӀедуьллу ас шуна тахана хӀара.


Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хӀуманаш дарца а, тӀом барца а, ондачу куьйгаца а, дӀакховдийначу пхьаьрсаца а, чӀогӀачу къематашца а кхин муьлха дела маца гӀиртина те, кхечу къомах паргӀат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бӀаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш!


Диц ма делаш Мисар-махкахь шаьш леш хилла хилар, ткъа шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца а, Шен дӀакховдийначу пхьаьрсаца а шу арадаьхна хилар. Цундела шоьтан садоӀу де лардан шуна тӀедиллина шун Везачу Дала.


„Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара лоллехь долчуьра Арадаьхнарг.


Нагахь санна тӀейогӀучу заманахь шун бераша шайга хаттахь: „ХӀун маьӀна ду вайн Везачу Дала вайна тӀебехкинчу оцу сацамийн а, парзийн а, хьехамийн а?“


ТӀаккха вайн бӀаьргашна хьалха Везачу Эло тамашийна гӀуллакхаш а, Ӏадоран билгалонаш а гайтира Мисаран халкъана а, пирӀунна а, цуьнан массо цӀенна а тӀехь.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios