Карлабаьккхинарг 6:2 - Делан Йозанаш2 И дан деза аша а, шун бераша а, царал тӀаьхьа хиндолчу бераша а шайн Везачу Деле ларамах дуьзна шаьш хилийтархьама а, ас шайна тӀедохкуш долу дерриг а Цуьнан парзаш а, весеташ а лардайтархьама а, шун дахаран хан яхъялийтархьама а. Ver Capítulo |
ДӀадийца Хьариб-ломахь гуламехь шайн Везачу Далла хьалха шу лаьттинчу оцу дийнах лаьцна а. ХӀетахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Схьагулде Суна тӀе халкъ, Ас Сайн дешнаш дӀакхайкхор ду цаьрга. И дешнаш шайна дӀахезча, кху лаьтта тӀехь мел деха шаьш а, шайн бераш а Соьга ларамах дуьзна хила Ӏамор ду цара“.