8 Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хӀуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цӀуш а ма белаш.
Сакъералуш хуьлийла хӀорд а, цунна чохь мел долу хӀума а, иштта дерриг дуьне а, цунна тӀехь дехаш мел дерг а.
Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хӀуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цӀуш а ма белаш.
ЦӀуш ма бе хьайна.
«Шайна цӀуш ма бе, лалийна цӀуш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, тӀулгех хедийна цӀуш а ма хӀиттабе, царна Ӏибадат дархьама, хӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву.
Аса цуьнца, юьхь-дуьхьал а волуш, ма-дарра къамел до, хӀетал-металш а ца далош. Цунна Везачу Элан васт а го. Шу муха даьхьнера Сан лай волчу Мусана тӀехтохам бан?»
„НеӀалт хуьлда къайлахчу метте дӀахӀоттийначу тӀулгах я дечигах я лалийна цӀу винчунна! Пхьеран куьйгашца дина хӀума бен дац иза, Везачу Элана иза дегаза хета“. Дерриге а халкъо мохь тоьххна эр ду: „Амин!“