Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 5:5 - Делан Йозанаш

5 Ткъа со оцу хенахь Везачу Элана а, шуна а юккъехь лаьтташ вара, Везачу Эло бохург шуьга дӀадийцархьама. ХӀунда аьлча шу, цӀерах шаьш кхерарна, лам тӀе ца довлура. ХӀетахь Везачу Эло иштта элира:

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 5:5
15 Referencias Cruzadas  

Божарий Седам-гӀала йолчухьа дӀабуьйлабелира, ткъа ИбрахӀим Везачу Элана хьалха лаьтташ вара.


СагӀа доккху гунаш дӀадехира цо, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш хьийшира, Ашера цӀе йолчу харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш хедийра. Ткъа Муса-пайхамаро бина болу цӀестан лаьхьа Хьузакх-ЯхӀус кагбира, хӀунда аьлча цу хенахь а исраилхоша Нахьуштан цӀе йоккхуш болчу цунна хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягайора.


Цхьаберш хӀордкеманашна тӀехь новкъа бовлура, уьш даккхий хиш тӀера совдегарш бара.


КхозлагӀчу дийнахь лома тӀе юькъа марха йоьссира. Къекъаш стигал а яра, серладуьйлуш стелахаьштигаш а дара, хезаш уьстагӀан маӀан вуно онда аз а дара. Меттамотт болчохь долу адам чӀогӀа кхераделира.


Везачу Эло Мусага элира: «Чу а воссий, халкъе улло а ма дола, Веза Эла ган а ма гӀерта ала. Цара иза дахь, нахах дукхахберш хӀаллакьхир бу.


Халкъ долчу чу а воьссина, и дерриг а дӀаэлира Мусас.


Цуьнан баьчча оцу къомах схьавер ву, халкъан олахо царна юкъара хир ву. Аса Сайна тӀеозавойтур ву иза, ткъа иза Сайна улло валор ву, хӀунда аьлча Суна улло ван шен са ца кхоош мила ваьхьар ву? – боху Везачу Эло. –


АхӀарон беллачарна а, дийна болчарна а юккъе дӀахӀоьттира – цамгаран ун сецира.


ТӀаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тӀетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахӀиман тӀаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тӀаьхьенах волчунна Дала чӀагӀо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гӀоьнца.


ТӀе а верзий, ладогӀа вайн Везачу Дала хьайга мел бохучуьнга. ТӀаккха тхоьга схьадийца вайн Везачу Дала хьайга мел дуьйцуш дерг, ткъа оха ла а дугӀур ду, и дерриге а кхочуш а дийр ду“.


ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг билггала долчу уггар а Дезачух тардеш адамийн куьйгаша динчу Делан цӀа чу ца вахана, ткъа стигала хьалаваьлла, хӀинца вайн дуьхьа Далла хьалха хӀотта.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios