Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 5:3 - Делан Йозанаш

3 Цо и барт вайн дайшца ца бина, ткъа кхузахь тахана дийна долчу вайца массаьрца а бина.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 5:3
12 Referencias Cruzadas  

Амма Сарата хьуна тӀедогӀучу шарахь хӀоккху хенахь вен волчу кӀантаца Исхьакхаца бийр бу Аса Сайн барт».


Гуттаренна а хьан тӀаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тӀаьхьенийн а Дела хир ву.


Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза, хӀунда аьлча цара и Сан барт бохийна, Со шайн олахо воллушехь, – боху Везачу Эло. –


«Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Шу Мисар-махкара лоллехь долчуьра арадаьхначу дийнахь Ас шун дайшца барт бира. Аса цаьрга аьллера:


Аса бакъдерг боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, Делан лаамехь берш а лууш бара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна».


Муаби-махкахь Везачу Эло Мусага исраилхошца байта аьлла, тӀебиллина болчу бертан тӀедожораш ду хӀорш. Хьариб-ломана уллохь Везачу Эло халкъаца бинчу бертал сов ду уьш.


ХӀокху бертан тӀедожорашка, уьш кхочуш а деш, ладугӀуш хилалаш, аша мел ден долчунна тӀехь шайн кхиамаш хилийтархьама.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios