Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 5:23 - Делан Йозанаш

23 «Шайна боданна юкъара аз хезча, цӀерах богуш лам гича, шу суна тӀе даьхкира, массо а шун хьаькамаш а, шун къаной а.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 5:23
6 Referencias Cruzadas  

Дала иза лур ву шуна аша вехарна, хӀунда аьлча шаьш Хьариб-лам тӀехь гулделлачохь аш дехна: „ХӀинца чул тӀаьхьа тхан Везачу Делан аз ма хозийла тхуна, кхин хӀара сийлахь цӀе а ма гойла тхуна, тхо хӀаллак ца хилархьама!“ – бохуш.


ХӀара хьехамаш лам тӀехь волчу Везачу Эло чӀогӀачу озаца халкъан берриг а гуламна белира. ЦӀерана а, мархина а, Ӏаьржачу боданна а юккъера Ша вистхилча, царал сов, Цо хӀумма а ца элира. ТӀаккха и дешнаш тӀулгах йолчу шина экъанна тӀе дӀа а яздина, уьш соьга схьаелира Цо».


Аша иштта элира: „Вайн Везачу Дала Шен сийлалла а, возалла а схьагайтира вайна. Цуьнан аз цӀерана юккъера схьахезнера вайна. Тахана вайна гира Дела адаме вистхилахь а, и адам дийна диса мегаш хилар.


Со, юха а вирзина, лам тӀера чувоьссира, иза цӀерах богуш болчу хенахь. Бартбаран ши экъа сан карахь яра.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios