21 Шайн уллорачун зуда ма еза. Иштта цуьнан цӀа я латта а ма деза, цуьнан лай а, гӀарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хӀума а шайна ма езийта“.
Цхьана дийнахь вижначуьра гӀаьттина волу Дауд паччахьан цӀийнан шерачу тхов тӀехула волавелла лелаш вара. Цигара дӀахьаьжча, цунна хи чохь луьйчуш йолу цхьа зуда гира. Иза чӀогӀа хаза яра.
Нагахь сан дагна уллорачун зуда а езаелла, сайн уллорачун неӀарехь кӀелонаш ас йинехь,
Шайн уллорачун цӀа ма деза, цуьнан зуда а ма еза, цуьнан лай а, гӀарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хӀума а шайна ма деза».
Цуьнан хазалле хьайн дог ле ма дайта, цуьнан бӀаьргашка хьо йийсаре а ма вигийта,
Аренаш шайна езалахь – уьш нуьцкъаха схьайоху цара. Дезалой цӀенош – уьш а схьадоху. Адам а, цуьнан цӀа а, стаг а, цуьнан бахам а чӀанабоккху.
«Декъаза ву хьарамлонца шена хӀума гулдийриг, шена цӀа дайтархьама а, шен бен лакхенгахь бархьама а, цу тайпана бохаман куьйгах ша кӀелхьарваккхархьама!»
Цул тӀаьхьа Цо элира массаьрга а: «Варелаш! БӀаьрмециг ма хилалаш. Стеган дахар цуьнан хьолах лаьтташ дац шуна, иза мел дукха делахь а».
Товрат-хьехамашкахь дукха весеташ ду. Царна юкъахь ишттанаш а ду: «Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, кхечу стеган цхьа а хӀума шайна ма деза». Амма и дерриге а весеташ хӀокху цхьана дашна тӀедогӀу: «Хьайн уллораниг хьо санна веза».
Ахчанна тӀаьхьадовлий ма лела, шайн долчух тоам бе. Дала Ша ма-аьлла: «Ас цкъа а вуьтур вац хьо, хьох къаьстар а вац Со».