Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 5:2 - Делан Йозанаш

2 Вайн Везачу Дала вайца барт бина Хьарибехь.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 5:2
16 Referencias Cruzadas  

Везачу Эло, Исраилан халкъаца барт а беш, царна тӀедиллинера: «Кхечу деланашна Ӏибадат а ма де, царна корта а ма бетта, Ӏамал а ма е, сагӀа а ма даккха.


Шаьш Мисарара арадевлла кхозлагӀа бутт чекхболуш, бутт цӀинлучу хенахь, Синай цӀе йолчу яьссачу ара баьхкира исраилхой.


Кедаш чуьра цӀий нахана тӀе хьаьрсира Мусас. «ХӀара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цӀий ду», – элира цо.


Везачу Эло тӀаккха элира: «Аса барт бо шуьца: дерриг а хьан халкъана хьалха Ас тамашийна хӀуманаш гойтур ду, дерриг дуьнен чохь долчу цхьана а халкъана хӀинццалц цкъа а хилла доцу. Хьо юкъахь волчу халкъана Аса, Везачу Эло, хьан дуьхьа ден дерг гур ду, ткъа цу бахьаненна уьш ларамах буьзна хир бу.


Оцу бертан тӀедожорш Аса шун дайшна тӀедехкина, Аса уьш эчиг лалош йолу пеш санна хиллачу Мисар-махкара арабохучу хенахь. Аса цаьрга аьллера: ‘Соьга ла а догӀий, Аса шуьца бинчу бертан тӀедожорш кхочуш а де, Аса шуна тӀедехкинчуьнга хьаьжжина. ТӀаккха шу Сан къам хир ду, Со шун Дела а хир ву.


Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза, хӀунда аьлча цара и Сан барт бохийна, Со шайн олахо воллушехь, – боху Везачу Эло. –


«Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Шу Мисар-махкара лоллехь долчуьра арадаьхначу дийнахь Ас шун дайшца барт бира. Аса цаьрга аьллера:


«Дагахь латтабелаш Сан ялхо волчу Муса-пайхамаран товрат-хьехам – Хьарибехь Ас цуьнга дӀаделла долу парзаш а, тӀедехкинарш а, уьш Исраилан дерриг а халкъе кхочушдайтархьама.


«Вайн Везачу Дала, вайга Хьарибехь Ша вистхуьлуш, иштта элира: „Тоьар ду шуна хӀокху ламан уллохь севцина Ӏан!


Муаби-махкахь Везачу Эло Мусага исраилхошца байта аьлла, тӀебиллина болчу бертан тӀедожораш ду хӀорш. Хьариб-ломана уллохь Везачу Эло халкъаца бинчу бертал сов ду уьш.


Цо шуна Шеца беш болчу бертан тӀедожораш дӀакхайкхийра, шайга кхочушдайта итт хьехам шуьга дӀа а хоуьйтуш. Везачу Эло уьш тӀулган шина экъанна тӀе дӀаязбира.


Варелаш, ларлолаш шайн Везачу Дала шайца бина барт бицбарх а, шайн Везачу Дала шайна тӀе-ма-диллара, Ӏамал ян цхьана хӀуманан вастехь цӀу-деланаш шаьш барх а.


Исраилан дерриг а халкъ схьа а гулдина, Мусас иштта элира: «ЛадогӀал, исраилхой, тахана ас шун лергашна дӀахозуьйтуш деш долчу парзашка а, тӀедехкинчаьрга а. Уьш Ӏама а делаш, уьш кхочушдан а хьовсалаш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios