Карлабаьккхинарг 5:14 - Делан Йозанаш14 Ткъа ворхӀалгӀа де шайн Везачу Далла лерина садоӀу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кӀанта а, йоӀа а, шун лено а, гӀарбашо а, шун стеро а, виро а, шун хьайбанех цхьаммо а, шун гӀаланашкахь ваха тӀевеана волчо а цхьана а тайпана болх ма бе, хӀунда аьлча шу санна шун лено а, гӀарбашо а садаӀа деза. Ver Capítulo |
Цу деношкахь ЯхӀуд-махкахь Далла леринчу шоьтан дийнахь болх беш болу нах гира суна. Цара кемсаш а хьоьшура, царах чагӀар даккхархьама. Иштта шайн варраш тӀе цӀевнаш а, чагӀар а, кемсаш а, инжираш а, тайп-тайпана кхийолу хӀуманаш а тӀеюттура, уьш шоьтан дийнахь Ярушалайме дӀа а яьхьна, дӀайохкархьама. Аса цу нахах чӀогӀа бехк баьккхира, сайна цара шоьтан дийнахь даа хӀума дӀадухкуш гича.