11 Везачу Элан, шайн Делан, цӀе эрна ма яккха, хӀунда аьлча Шен цӀе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таӀзар ца деш вуьтур вац.
Везачу Элан, шайн Делан, цӀе эрна ма яккха, хӀунда аьлча Шен цӀе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таӀзар ца деш вуьтур вац.
нийсонца а, бакъдолчуьнца а, догцӀеналлица а дийна волчу Везачу Элах чӀагӀонаш ел. ТӀаккха Везачу Эло къаьмнаш декъалдийр ду, ткъа Цунах цара дозаллаш а дийр ду».
Сардамаш дохкаррий, вовшийн ледаррий, вовшийн хӀаллакдаррий, къоланаш даррий, марехь болчара ямартлонаш яррий тӀехдукха даьржина адамашна юкъахь, адамийн цӀий Ӏенор а дац хедаш.
Хьайн Делан цӀеран сий а дойуш, харцонна тӀехь Сан цӀарах дуй ма баа. Со Веза Эла ву.
Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хилалаш, Цунна цхьанна гӀуллакх делаш. Цуьнгахьа дирзина хилалаш, Цуьнан цӀарах бен дуйнаш ма баалаш.
Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила, Цунна бен гӀуллакх а ма де, Цуьнан цӀарах бен дуйнаш а ма баа.
Уггар хьалха, сан вежарий, стигалх а, лаьттах а, я кхечу хӀуманах а чӀагӀонаш ма елаш, амма шун «хӀаъ» «хӀаъ» хила деза, «хӀан-хӀа» «хӀан-хӀа» хила деза, шу бехке ца хилийтархьама.