Карлабаьккхинарг 4:9 - Делан Йозанаш9 Амма ларлуш а хилалаш, шайн синан дола а делаш, шайн бӀаьргашна гина гӀуллакхаш диц ца далийтархьама а, и дерриг а, шу мел деха, шайн даг чуьра дӀа ца далийтархьама а. Шайна гинарш дӀадийца шайн берашка а, шайн берийн берашка а. Ver Capítulo |
ДӀадийца Хьариб-ломахь гуламехь шайн Везачу Далла хьалха шу лаьттинчу оцу дийнах лаьцна а. ХӀетахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Схьагулде Суна тӀе халкъ, Ас Сайн дешнаш дӀакхайкхор ду цаьрга. И дешнаш шайна дӀахезча, кху лаьтта тӀехь мел деха шаьш а, шайн бераш а Соьга ларамах дуьзна хила Ӏамор ду цара“.