Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 4:7 - Делан Йозанаш

7 Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ церан деланаш иштта царна юххера болу, вай муьлххачу а хенахь Шега кхайкхича, вайн Веза Дела санна юххехь хуьлуш?

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 4:7
20 Referencias Cruzadas  

Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цӀе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргӀатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш а, церан деланаш а дӀалохкура Ахь.


Цо Шен халкъ, маӀа санна, нуьцкъала хилийтира, хастамаш бан бахьана хӀоттийра Шена тешаме мел болчарна – Шена уллора халкъ долчу исраилхошна. Хастам бу Везачу Элана!


Хьалдолу Эла! Кхин дукха Ӏийр вуй те Хьо сох хуьлучуьнга хьежар бен доцуш? Ахь кӀелхьарваккхахьа со церан зуламечу ойланех, лардехьа сан цхьаъ бен доцу дахар цу буьрсачу лоьмех!


Боккхачу гуламехь ас Хьан сийлалла ойур ю. Алссам долчу халкъана юкъахь ас Хьуна хастамаш бийр бу.


Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма.


Ахь кхоьллина халкъаш, схьа а даьхкина, Хьуна хьалха̄ охьатаьӀар ду, Хьалдолу Эла, цара хастор ю Хьан цӀе.


Сан бӀаьргаш чохь деза а, хьоме а хьо хиларна, Хьо Сайна дезарна, хьох нах дӀалур бу Ас, хьан синах халкъаш дӀалур ду.


Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь.


Якъубан тӀаьхьенна зулам хирг хилар гуш дац, Исраилан халкъана бохам хирг хилар гуш дац. Церан Веза Дела цаьрца ву! Уьш баккхийберца кхойкхуш бу, Иза шайн Паччахь хиларна.


Ломан боххьера дӀахьаьжча а, го суна и халкъ, лекхачу гунаш тӀера а хьоьжу со цуьнга. И халкъ дӀакъаьстина дехаш ду, кхечу къаьмнашна юкъа а ца догӀу иза.


цаьрга Дела лахийтархьама: цара Иза лаха а тарло, царна Иза каро а тарло (бакъдерг аьлча, Иза вайна хӀоранна а генахь-м вац).


Цо чӀагӀо йина, Ша мел кхоьллинчу халкъел шу лакхара а дина, сий а, сийлалла а, исбаьхьалла а долуш дӀахӀиттор ду аьлла. Хьан Везачу Далла хьалха, Цо ма-аллара, деза халкъ хир ду хьо».


Декъала ду хьо, Исраилан халкъ! Хьо санна, Везачу Эло лардеш кхин муьлха халкъ ду? Иза хьо лардеш долу турс а, хьан сийлаллин тур а ду! Хьан мостагӀий хьуна хьалха охьатаьӀна лелар бу, ткъа ахьа церан сагӀа доккху гунаш хьоьшур ду».


«Хаттал шул дукха хьалха хиллачу ширачу заманех лаьцна, Дала лаьтта тӀехь адам кхоьллинчу дийнахь дуьйна. Хаттал дерриг а дуьненна тӀехь – стигалан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Хиллий те хӀара санна сийлахь гӀуллакх, я хезний те хӀара санна дерг?


Дуй те цхьа а адам вайна санна цӀерана юккъера дийна волчу Делан аз а хезна, дийна дисина долу?


Далла улло гӀо, Иза а шуна улло вогӀур ву. Къинош летийнарш, шайн куьйгаш дила, шалхончаш, шайн дегнаш цӀанде.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios