Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 4:6 - Делан Йозанаш

6 Уьш лар а бе, кхочуш а бе, хӀунда аьлча цунах кхечу халкъашна гур ду, шун хьекъалалла а, кхетамалла а дуйла. И массо а парзаш шайна дӀахезча, цара эр ду: „ЭхӀ, хӀара сийлахь къам ма хьекъале а, кхетаме а халкъ ду!“

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 4:6
27 Referencias Cruzadas  

Сулим-паччахьан хьекъалаллех лаьцна хезначу дуьнен чуьра массо а паччахьаша хьажийна болу, массо а къаьмнех болу нах оьхура Сулим-паччахье ладогӀа.


ТӀаккха аьлла Цо адаме: «Хьалдолчу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалалла ду, ткъа зуламна генавалар – иза кхетамалла ду».


Ц у суьрте хьоьжуш волу Ӏесаниг оьгӀазгӀур ву, шен цергаш а хьекхош, иза къайлавер ма ву. Ӏесачеран лаамаш хӀаллакьхир бу.


ХӀинца хиъна суна Везачу Эло Ша къобалвинарг кӀелхьарвоккхийла. Шен сийлаллин стигалшкара Цо жоп ло цунна Шен нуьцкъалчу кӀелхьарвоккхучу куьйгаца.


Цхьаболчара гӀудалкхех, вукхара говрех, ткъа оха тхайн Везачу Делан цӀарах дозалла до.


Уьш яздина ду боданечу нахана хьекъал далархьама а, ткъа къоначийн дика-вон къасто таро хилийтархьама а.


Хьекъал дерг ладугӀуш хуьлийла, шен хьекъал совдоккхуш а хуьлийла, ткъа кхетам болу нах шайн дахаран новкъахула дӀабуьгуш хуьлийла.


Кхетаме кхачархьама, адам уггар хьалха Везачу Эле ларамах дуьзна хила деза. Амма сонтачу адамаша дӀатотту хьекъалалла а, шаьш нисдар а.


Нийсоно халкъан сий хьалаойу, амма къинош халкъан юьхьӀаьржо ю.


Хьекъалечу стеган хьекъалаллица цунна ша муха лела хаьа, амма сонтачу стеган сонталла – Ӏехор ю.


Шен нийсонан дуьхьа Везачу Элана лиира, товрат-хьехам айа а, иза хасто а.


Шун хьекъалчаш юьхьӀаьржачу а хӀуьттур бу, уьш карзахбаьхна а, гуро лаьцча санна а хир бу. Везачу Элан дешнаш цара юхатеттина хилча, мичара хир ду цаьргахь хьекъал?


Цул тӀаьхьа Хьалдолчу Эло элира: «ХӀара ю Ярушалайм-гӀала. Мехкаш гонах а долуш, иза кхечу къаьмнашна юккъе дӀахӀоттийра Аса.


Муьлххачу а хьекъал-кхетам оьшучу гӀуллакхехь а, паччахьо хӀуъа хаттар дича а, цунна карабора уьш уьттазза алсам хууш шен пачхьалкхера мел болчу бозбунчел а, эвлаяэл а.


ТӀех хаза гӀаш а, шортта стоьмаш а, массарна тоъал юург а яра цунна тӀехь. Аренашкара дийнаташна цу диттана кӀел ӀиндагӀ карадора. Стигалшкара олхазарша цуьнан гаьннашна юккъехь бенаш дора. Цуьнан стоьмаш массо а са долчу хӀумано дуура.


Дуккха а Сайн товрат-хьехамаш Аса язбира цунна, амма цо уьш шена хийра болуш санна лерина.


Шух массо халкъаша декъалдинарш эр ду, хӀунда аьлча шун мохк безаме мохк хир бу», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.


ХӀокху бертан тӀедожорашка, уьш кхочуш а деш, ладугӀуш хилалаш, аша мел ден долчунна тӀехь шайн кхиамаш хилийтархьама.


Мусас цаьрга иштта элира: «Ас тахана шайна дӀахьедина долу дерриге а дешнаш шайн даг тӀе дижийта. Шайн берашна тӀедилла, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдар.


ХӀунда аьлча иза шуна эрна дерг дац, иза – шун дахар ду. Шу цуьнгахула дуккха а дехар ду, шайна дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу оцу лаьтта тӀехь».


Хууш ву хьо Делан Йозанаш бераллехь дуьйна хьайна девзина хилар а. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарехула луш долчу кӀелхьарваларна тӀевалош долу хьекъалалла хьуна дала тарло оцу Йозанаша.


Ша хьекъал а, кхетам а болуш волчо шен оьздачу леларца а, хьекъалера схьадолчу эсалаллехь динчу гӀуллакхашца а гайта ца деза иза?


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios