Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 4:46 - Делан Йозанаш

46 Иза хилира уьш Йордан-хина малхбалехьа, Байт-ПаӀарна уллохь йолчу тогӀи чохь болчу хенахь. И латта Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан хилла. Иза Мусас исраилхошца цхьаьна шаьш Мисарара арадевллачу хенахь эшийнера.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 4:46
14 Referencias Cruzadas  

Иштта вай севцира Байт-ПаӀар-гӀалина уллохь йолчу тогӀи чохь».


Йордан-хина малхбалерчу шинна а паччахьан – Сихьонан а, Башан-мехкан паччахьан ӀовгӀин а – латтанаш схьалаьцнера исраилхоша.


Оцу хенахь эмархойн шинна а паччахьан карара Йордан-хин малхбалехьарчу Арнон-хина тӀера Хьермон-ломана тӀекхаччалц долу хӀара латта схьадаьккхира вай.


ХӀунда аьлча оха схьаоьцур дацара цаьрца цхьаьна Йордан-хил дехьа агӀор а, кхидӀа а долу лаьттан дакъош, нагахь тхайна лаьттан дакъош Йордан-хина кху агӀор малхбалехьа нисделча».


ХӀара дешнаш Муса-пайхамаро аьлла дара массо а исраилхошка, Йордан-хина малхбузехьа йолчу яьссачу аренгахь, Ӏариба-тогӀи чохь, Суп олучу меттигна дуьхьал уьш болчу хенахь. Цигахь цхьана агӀор Паран-аре яра, ткъа Тупал а, Лабан а, Хьацерут а, ДизахӀаб а вукху агӀор яра.


Товрат-хьехамна чубогӀуш болу а, шаьш Мисар-махкара арабевллачул тӀаьхьа Мусас цаьрга дӀабелла болу сацамаш а, парзаш а, тӀедехкинарш а ду хӀорш.


Муаби-мехкан тогӀи чохь Байт-ПаӀар цӀе йолчу юьртана дуьххьал дӀавоьллина Везачу Эло Муса. Амма таханлера де тӀекхаччалц цхьанна а ца хаьа иза дӀавоьллина йолу меттиг мичахь ю.


Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ӀовгӀа а, цуьнан кӀентий а, дерриг цуьнан халкъ а хӀаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша.


Йордан-хина тӀера малхбалехьа долу латта схьадаьккхинера исраилхоша. Арнон-хина тӀера Хьермон-лома тӀекхаччалц долу а, Ӏариба-тогӀи чуьра малхбалехьарчу агӀор долу а латта церан дара. И латта схьадаккхархьама исраилхоша хӀаллакбина паччахьаш хӀорш бу:


Ас церан эскарш, дохийна, даржийра, шул хьалха царна тӀе бомозий дахийтича санна. Цара эккхийра шу долчуьра эмархойн ши паччахь. Шун таррашца а, Ӏедашца а дина дацара иза.


Ахьа царна пачхьалкхаш а, халкъаш а делира, царна гонахара долу, геннара латтанаш а тӀехь дӀадийкъира. Хьешбонарчу паччахьан Сихьонан латта а, иштта Башанарчу паччахьан ӀовгӀин латта а шайн дола даьккхира цара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios