Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 4:45 - Делан Йозанаш

45 Товрат-хьехамна чубогӀуш болу а, шаьш Мисар-махкара арабевллачул тӀаьхьа Мусас цаьрга дӀабелла болу сацамаш а, парзаш а, тӀедехкинарш а ду хӀорш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 4:45
13 Referencias Cruzadas  

Ахьа хьайн Везачу Делан весеташ ларделахь, Цуьнан некъашца а лелаш, Цуьнан хьехамаш а ларбеш, Цо билгалдаьккхинарш а, Цуьнан омра а, Муса-пайхамаран товрат тӀехь яздина ма-хиллара, кхочушделахь. ТӀаккха хир ву хьо массо а хӀуманна тӀехь кхиамаш болуш, ахьа хӀуъа дахь а, миччахьа хьо гӀахь а, хьанна тӀе хьо водахь а.


Веза Эла! КӀелхьардаккхахьа сан са харцлуьйш болчу нехан маттах, эладита лелочеран харцонах.


Бала бу соьгахь машахахой санначарна уллохь вехаш хиларна, иштта къедархой санначеран четаршна юкъахь вехаш хиларна а.


Со машаре стаг ву, амма со вистхуьллушехь, уьш тӀамана кийча хуьлу.


«ХӀинца ладогӀа, Исраилан халкъ, тахана ас хьайна хьоьхучу парзашка а, тӀедехкинчаьрга а. Ас уьш кхочушдан хьоьху шуна, шу дийна хилийтархьама а, шун дайн Везачу Дала шайна луш долчу латта тӀе а дахийтина, шуьга иза шайн дола даккхийтархьама.


ХӀара Мусас Исраилан халкъана дӀабовзийтина товрат-хьехам бу.


Иза хилира уьш Йордан-хина малхбалехьа, Байт-ПаӀарна уллохь йолчу тогӀи чохь болчу хенахь. И латта Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан хилла. Иза Мусас исраилхошца цхьаьна шаьш Мисарара арадевллачу хенахь эшийнера.


ЧӀогӀа ларделаш шайн Везачу Делан весеташ, цуьнан сацамаш а, парзаш а, шайна тӀедехкина долу.


Нагахь санна тӀейогӀучу заманахь шун бераша шайга хаттахь: „ХӀун маьӀна ду вайн Везачу Дала вайна тӀебехкинчу оцу сацамийн а, парзийн а, хьехамийн а?“


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios