43 Яьссачу шерачу аренгахь йолу Бацар-гӀала раабанхошна лерина яра, ГалӀад-махкахь йолу Рамат-гӀала гадахошна лерина яра, ткъа Башан-махкахь йолу Голан-гӀала маннашхошна лерина яра.
Бен-ГӀебар вара ГалӀадан Рамат-гӀалин гонах болчу мехкийн мехкада. Оцу мехкашна юкъайогӀура ГалӀад-махкахь йолу Маннашан кӀентан Яиран ярташ. Иштта АргӀаб цӀе йолу Башан-махкахь йолу меттиг а, цӀестан гӀораш долуш, лекха керташ йолу кхузткъа йоккха гӀала а яра цу юкъайогӀуш.
Мерарин тӀаьхьенах долчу тукхамашна, кхаж а баьлла, Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанийн латтанаш тӀера шийтта гӀала еллера.
Ткъа кхахӀатхойн тӀаьхьенах долчу цхьадолчу тукхамашна Эпрайман тайпанах болчийн гӀаланаш еллера.
ГӀиршанан тӀаьхьенна еллера: маннашхойн ахтайпанан лаьтта тӀера Башанехь йолу Голан-гӀала а, Ӏаштарат-гӀала а, царна гонахара дежийлаш а.
Гадин тайпанан лаьтта тӀера еллера ГалӀад-махкара Рамат а, Махьанайм а, царна гонахара дежийлаш а,
Хьалха шеца мостагӀалла хилла воцу стаг ларамаза вийнарг цига дӀавада мегар ду. Царах цхьана гӀалахь дӀалачкъа йиш хир яра цуьнан, дийна висархьама.
ХӀара Мусас Исраилан халкъана дӀабовзийтина товрат-хьехам бу.
Йордан-хил дехьа, Ерихон-гӀалина дуьхьал, малхбалехьа цара дӀакъастийра: Раабанан тайпанах яьссачу арахь Бацар-гӀала, Гадин тайпанах ГалӀад-махкахь Рамат-гӀала, Маннашан тайпанах Башан-махкахь Голан-гӀала.
ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу левихошна елира хӀара гӀаланаш: Маннашан ах тӀаьхьено елира лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Голан-гӀала а, цуьнан аренаш а. И гӀала Башан олучу меттехь яра. Цул сов, цара елира БаӀаш-Тара-гӀала а, цуьнан аренаш а. Ерриг а ши гӀала.
Раабанан тайпано елира Бацар-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЯхӀац-гӀала а, цуьнан аренаш а,
Гадин тайпанах болчу наха елира гӀаланаш: ГалӀад-махкахь йолу, шена чохь лурбоьлла нах дӀаловчкъу Рамат-гӀала а, цуьнан аренаш а, Махьанайм а, цуьнан аренаш а.