42 Хьалха шеца мостагӀалла хилла воцу стаг ларамаза вийнарг цига дӀавада мегар ду. Царах цхьана гӀалахь дӀалачкъа йиш хир яра цуьнан, дийна висархьама.
Аша левихошна лур йолчу гӀаланех ялх гӀала лурбоьлла нах ловчкъуш йолу гӀала хир ю. Оцу ялх гӀаланал сов шовзткъе ши гӀала дӀало царна.
Цул тӀаьхьа Йордан-хина малхбалехьа йолу кхо гӀала дӀакъастийра Муса-пайхамаро.
Яьссачу шерачу аренгахь йолу Бацар-гӀала раабанхошна лерина яра, ГалӀад-махкахь йолу Рамат-гӀала гадахошна лерина яра, ткъа Башан-махкахь йолу Голан-гӀала маннашхошна лерина яра.
Дала ваӀда а дина, Цо дуй а биъна. И ши хӀума хийцалур доцуш ду, Дала харцдерг дийца йиш йоцу дела. Цундела Дела волчу девдда дӀадахана долу вай чӀогӀа иракарахӀиттийна ду, Дала вайна еллачу дегайовхонна тӀехь латтархьама.