41 Цул тӀаьхьа Йордан-хина малхбалехьа йолу кхо гӀала дӀакъастийра Муса-пайхамаро.
Аша левихошна лур йолчу гӀаланех ялх гӀала лурбоьлла нах ловчкъуш йолу гӀала хир ю. Оцу ялх гӀаланал сов шовзткъе ши гӀала дӀало царна.
«Шайн Везачу Дала шун дола дӀалуш долчу лаьтта тӀехь а долу, шуна кхочуш долу дакъа дӀакъастош а долу, шайн дайша дӀахӀоттийна а долу шира доза дӀа ма хиладе.
ТӀаккха шун Везачу Дала шуна дӀалуш долчу шайн лаьттана юккъехь шайна кхо гӀала дӀакъастае.
Цундела дина ас хӀара омра: „Шайна кхо гӀала дӀакъастае“, – аьлла.
Хьалха шеца мостагӀалла хилла воцу стаг ларамаза вийнарг цига дӀавада мегар ду. Царах цхьана гӀалахь дӀалачкъа йиш хир яра цуьнан, дийна висархьама.