Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 4:40 - Делан Йозанаш

40 Ларделаш тахана ас шуна тӀедохкуш долу Цуьнан парзаш а, весеташ а, шайна а, шул тӀаьхьа хир долчу берашна а диканна хилийтархьама а, шун Везачу Дала шайна гуттаренна а луш долчу лаьтта тӀехь шу дуккха а дахкийтархьама а».

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 4:40
34 Referencias Cruzadas  

Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара, Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира.


Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама.


Хенал хьалха бер хуьлуш а, бер ца хуьлуш а зударий хир бац хьан махкахь. Хьан дахар а деха хуьлуьйтур ду Ас.


Къинош летош волчо бӀозза къа латадешшехь, иза дуккха а ваха тарло. Амма суна хаьа, Делах кхоьручунна дика хир дуйла, иза Цунна хьалха вегош лела дела.


Цу чохь цхьадолчу деношкахь бен ца даьхна аганара бер хир дац, иштта шен денош кхачдалаза воккха стаг а хир вац. БӀе шо кхаьчна стаг велча, иза жима стаг ву моьттур ду. БӀе шо кхаьчна къинош летийнарг веллехьара, цунна неӀалт кхайкхийна моьттур дара.


Оцу бертан тӀедожорш Аса шун дайшна тӀедехкина, Аса уьш эчиг лалош йолу пеш санна хиллачу Мисар-махкара арабохучу хенахь. Аса цаьрга аьллера: ‘Соьга ла а догӀий, Аса шуьца бинчу бертан тӀедожорш кхочуш а де, Аса шуна тӀедехкинчуьнга хьаьжжина. ТӀаккха шу Сан къам хир ду, Со шун Дела а хир ву.


Ткъа рахбихошка Ярми-ЯхӀус элира: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Шайн да волчу ЯхӀу-Надабе аша ладугӀура, цо мел дина весет аша кхочуш а дора, иштта массо а хӀуманна тӀехь цо ма-аллара шу лелара.


Амма Аса цаьрга цхьа весет дира: „Соьга ладугӀуш хила, ткъа Со шун Дела хир ву, шу Сан къам хир ду. Аса шайна тӀе мел дехкинчу некъашкахула лела, шайн хьал дика хилийтархьама“, – аьлла.


Аса хӀокху лаьтта тӀехь даха дуьтур ду шу. ХӀара латта Аса шун дайшна дӀаделла ду, церан тӀаьхье абаденналц цу тӀехь яхийта.


Сан весеташ лар а де, кхочуш а де. Со Веза Эла ву.


Шен стунден маданхочун РаӀалан кӀанте Хьабабе Мусас элира: «Везачу Эло тхайна лур бу аьллачу махка доьлхуш ду тхо. Схьавола тхоьца, оха хьуна дика болх бийр бу, хӀунда аьлча Везачу Эло Исраилан халкъана дуккха а диканиг дийр ду аьлла».


«Нагахь шуна Со везахь, Ас шайна тӀедиллина гӀуллакхаш а кхочушде аша.


«хьайна дика хилийтархьама а, хьо лаьтта тӀехь дукха вахийтархьама а».


Везачу Эло, чӀагӀо а йина, шун дайшна а, церан тӀаьхьенна а лур ду аьллачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу оцу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама, ларделаш и весеташ.


Ма даалаш иза, шайна а, шайн берашна а шул тӀаьхьа а даим дика хилийтархьама, хӀунда аьлча оцу тайпана шайн Везачу Делан бӀаьргашна хьалха нийса дерг деш ду аша.


Хьажал, леррина кхочушде аса шуна тӀедуьллуш долу хӀара дерриге а дешнаш. Аша иза дахь, шуна а, шул тӀаьхьа долчу берашна а дика хир ду, хӀунда аьлча цу тайпана, шайн Везачу Делан бӀаьргашкахь дика а, нийса а дерг деш лелаш хир ду шу».


КӀорнеш шайна схьаэцалаш, ткъа нана дӀахеца хьовсалаш, шуна дика хилийтархьама а, шун хан яхъялийтархьама а.


Шун герканаш а, бараман саьхьаш а цӀена а, нийса а хила деза, шун Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша йоккхун йолу хан яхъялийтархьама.


ХӀунда аьлча иза шуна эрна дерг дац, иза – шун дахар ду. Шу цуьнгахула дуккха а дехар ду, шайна дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу оцу лаьтта тӀехь».


Шун зайлаш эчигах а, йоьзах а дина хир ду. Шун денош санна, дебаш хир бу шун ницкъ».


«ХӀинца ладогӀа, Исраилан халкъ, тахана ас хьайна хьоьхучу парзашка а, тӀедехкинчаьрга а. Ас уьш кхочушдан хьоьху шуна, шу дийна хилийтархьама а, шун дайн Везачу Дала шайна луш долчу латта тӀе а дахийтина, шуьга иза шайн дола даккхийтархьама.


Цхьа а хӀума аса шуна тӀедиллинчунна тӀе а ма тоха, цунна тӀера дӀа а ма даккха. Ларде Аса шуна тӀедуьллуш долу шайн Везачу Делан весеташ.


Сан Везачу Дала сайна тӀедиллина ма-хиллара, Цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а довзийтина ас шуна, шайн дола баккха шу тӀедоьлхучу оцу махкахь шуьга и хьехамаш кхочушбайтархьама.


Уьш лар а бе, кхочуш а бе, хӀунда аьлча цунах кхечу халкъашна гур ду, шун хьекъалалла а, кхетамалла а дуйла. И массо а парзаш шайна дӀахезча, цара эр ду: „ЭхӀ, хӀара сийлахь къам ма хьекъале а, кхетаме а халкъ ду!“


Амма, шена тӀедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тӀаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас.


Шайн да а, нана а лара, шайн Везачу Дала тӀе-ма-диллара, шайн Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а.


ЭхӀ-хӀай, Соьга ларамах дуьзна а хилла, дерриге а Сан весеташ кхочушдан даим церан дегнаш делахьара, шайна а, шайн берашна а гуттаренна диканиг хилийтархьама!


Шун Везачу Дала шайна тӀедехкинчу некъашца лелалаш, шайна дола дан лун долчу лаьтта тӀехь шаьш дийна хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а, шаьш дуккха а дахийтархьама а».


Шайн Везачу Далла хьалха нийса а, дика а дерг делаш шайна диканна хилийтархьама а, Везачу Эло, шайн дайшна чӀагӀо а еш, шайна лур ду аьллачу лаьтта тӀе а девлла, иза дола даккхархьама а,


Исраилан халкъ, ла а догӀа, уьш леррина кхочуш а де, шайна дика хилийтархьама а, шу алсам дебийтархьама а шуьрех а, мазах а дуьзна токхе лаьтта тӀехь, шун дайн Везачу Дала шуна чӀагӀо ма-ярра.


ХӀунда аьлча мелла а пайда хуьлу шен дегӀ чӀагӀдархьама къахьегарх, ткъа суьпа хила Ӏамар массо а агӀор пайдехьа ду. Цуьнгахь ю хӀинцалерчу а, хиндолчу а дахарна йина чӀагӀо.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios