Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 4:32 - Делан Йозанаш

32 «Хаттал шул дукха хьалха хиллачу ширачу заманех лаьцна, Дала лаьтта тӀехь адам кхоьллинчу дийнахь дуьйна. Хаттал дерриг а дуьненна тӀехь – стигалан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Хиллий те хӀара санна сийлахь гӀуллакх, я хезний те хӀара санна дерг?

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 4:32
15 Referencias Cruzadas  

Иштта кхоьллира Дала адам. Стаггий, зудий кхоьллира Цо Шен аматехь.


Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цӀе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргӀатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш а, церан деланаш а дӀалохкура Ахь.


Хьайн дайшка хатта, царна гинчух лаьцна ойла е.


Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Шушаним» олучу мукъамехь ала езаш ю. Кхорахьан тӀаьхьенан йолу хьехаме назма. Безаман йиш.


Везачу Эло тӀаккха элира: «Аса барт бо шуьца: дерриг а хьан халкъана хьалха Ас тамашийна хӀуманаш гойтур ду, дерриг дуьнен чохь долчу цхьана а халкъана хӀинццалц цкъа а хилла доцу. Хьо юкъахь волчу халкъана Аса, Везачу Эло, хьан дуьхьа ден дерг гур ду, ткъа цу бахьаненна уьш ларамах буьзна хир бу.


Со ву латта кхоьллинарг, цунна тӀехь адам а Ас кхоьллина. Сайн куьйгашца стигалш дӀасаяржийна Ас. Малх а, бутт а, седарчий а Сан омрица лелаш ду.


ЛадогӀа бохучуьнга, къаной! Тидам бе, кху мехкан массо а бахархой! Хиллий те хӀара саннарг шу я шун дай баьхначу деношкахь?


«Шу бен магийна дацара Ас лаьтта тӀехь мел долчу тукхамашна юкъара. Цундела Ас жоьпе а озор ду шу, аша мел лелийна зуламаш бахьана долуш».


Турбин озаца Ша хаьржинарш дуьненан еъа а маьӀӀера схьагулбан дохуьйтур ду Цо Шен маликаш, стигалийн цхьана йистера вукху йисте кхаччалц».


Оцу хенахь Цо, Шен маликаш а хьажийна, дуьненан еъа а маьӀӀера Шен къастийнарш дӀагулбийр бу лаьттан йистера стигалан йисте кхаччалц».


Лаьттан цхьана маьӀӀера вукху маьӀӀе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дӀасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тӀулган а цӀушна Ӏамал йийр ю аша.


Стигала йисте кхаччалц шу дӀасадаржийна делахь а, цигара а схьагулдийр ду Цо, цигара а схьадалор ду.


Дагаяийта шира хенаш, ойла ел ширачу заманах лаьцна. Хаттал шайн дайшка, цара дуьйцур ду шуьга, шайн къаношка а хатта – цара а дуьйцур ду шуьга.


Декъала ду хьо, Исраилан халкъ! Хьо санна, Везачу Эло лардеш кхин муьлха халкъ ду? Иза хьо лардеш долу турс а, хьан сийлаллин тур а ду! Хьан мостагӀий хьуна хьалха охьатаьӀна лелар бу, ткъа ахьа церан сагӀа доккху гунаш хьоьшур ду».


Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ церан деланаш иштта царна юххера болу, вай муьлххачу а хенахь Шега кхайкхича, вайн Веза Дела санна юххехь хуьлуш?


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios