Амма шу, Суна тӀе а дирзина, Сан весеташ тӀе а эцна, Аса бохург лардеш хилахь, шу дуьненан йисте дӀаэккхийна хилча а, Аса, цигара а схьа а гулдина, Сайна Ӏибадат дайта а, Со шуьца Ӏан а Айса схьахаьржинчу метте схьадалор ду“.
Амма Аса цаьрга цхьа весет дира: „Соьга ладугӀуш хила, ткъа Со шун Дела хир ву, шу Сан къам хир ду. Аса шайна тӀе мел дехкинчу некъашкахула лела, шайн хьал дика хилийтархьама“, – аьлла.
Цул тӀаьхьа исраилхой юха а боьрзур бу, шайн Веза Дела а, Даудан тӀаьхьенах волу шайн паччахь а лохур ву цара. ТӀаьхьарчу деношкахь Везачу Элана хьалха ларамах а, Цуьнан диканах а буьзна хир бу уьш.
Оцу дийнахь Ас Сайн оьгӀазалла тосур ю царна тӀе. Ас уьш буьтур бу. Ас царах Сайн юьхь дӀакъовлур ю, ткъа и халкъ хӀаллакдина хир ду, цунна тӀе дукха халонаш а, баланаш а буьссур бу. ТӀаккха оцу дийнахь халкъо эр ду: „ХӀара халонаш вайн Веза Эла вайна юкъахь воцу дела-м ца еана те вайна тӀе?“
ХӀунда аьлча суна хаьа, со дӀакхелхича шу баккъалла а телхина хир ду, ас весет динчу некъа тӀера шу дӀадевр ду. Хан яьлча, шуна тӀе халонаш хӀуьттур ю. Иза хир ду шайн Везачу Далла хьалха аша зуламаш дийр долу дела, шайн куьйгаша дечуьнца Иза дар а волуьйтуш».