Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 4:3 - Делан Йозанаш

3 Шун бӀаьргашна гир-кх, шун Везачу Дала ПаӀор-ломахь мел динарг. БаӀал-ПаӀорна тӀаьхьа мел хӀоьттинарг шун Везачу Дала, хӀаллак а вина, шуна юкъара дӀаваьккхина.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 4:3
9 Referencias Cruzadas  

Со яьссачу аренгахь церан берашка вистхилира. Ас элира цаьрга: ‹Ма гӀолаш шайн дайша дӀакхехьначу некъашкахула, цара шайна тӀедехкинарш кхочуш а ма делаш, ма бехделаш шаьш, церан цӀушна тӀе а товжий.


Везачу Эло боху: «Суна Исраилан халкъ схьакарийча, яьссачу аренгахь кемсаш каро хан санна хилла иза. Суна шун дай гича, инжиран дитта тӀехь хьалххе хуьлу дуьххьарлера инжир санна хилла иза. Амма уьш БаӀал-ПаӀорна тӀебахча, сийсаза долчунна юкъаозабелира. Иза а дина, шайна везавелла цӀу санна, маьттаза бевлира уьш.


Тохара хьалха Синай яьссачу арахь Мусас а, динан дас АхӀарона а дагардинчарах цхьа а адам хӀинца дагардинчу халкъана юкъахь дацара.


БалиӀаман хьехамца ПаӀор цӀе йолчу меттехь исраилхой Везачу Элах дӀаберзийна болу зударий уьш ма бу! И бахьана долуш Везачу Элан халкъана юкъахь адам хӀаллакдеш ун ма даьржинера.


Везачу Эло мел дина долу сийлахь гӀуллакхаш гинарш шун бӀаьргаш бара».


Ткъа шу, шайн Везачу Делах дӀакхеттарш, дерриш а таханлерчу дийнахь а дийна дисина.


Иза бахьанехь Везачу Элан халкъана таӀзар дина долу, таханлерчу дийне кхаччалц вай цунах цӀандалаза долу ПаӀора дина зулам кӀезиг дара вайна?


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios