Карлабаьккхинарг 4:29 - Делан Йозанаш29 Амма аша Веза Эла цигахь лехча, шуна Иза карор ву, доллучу даггара а, шайн мел долчу синца а аша лехча. Ver Capítulo |
БӀогӀамна юххе а хӀоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тӀаьхьахӀотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу бертан тептар тӀера дешнаш кхочуш а деш. ТӀаккха дерриге а халкъо чӀагӀо йира и барт кхочушбан.
цундела Ахьа церан мостагӀашна уьш дӀалацийта пурба делира, ткъа мостагӀаша царна дукха зуламаш а дира. Амма шайна тӀе зулам деача, тхан дай Хьоьга орца доьхуш дӀахӀиттира. Стигалахь волчу Ахьа цаьрга ла а дугӀура, Хьайн боккхачу къинхетамца уьш кӀелхьарбохурш а лора, ткъа цара уьш мостагӀийн зуламах кӀелхьара а бохура.
Шух дийна бисинчарна, халкъашна юкъахь йийсарехь Ӏаш болчу хенахь, Со дагавогӀур ву. Шайн тешаме доцучу дегнашца Сох дӀадовларна а, церан бӀаьргашца цӀушна тӀаьхьахӀиттарна а Суна халахетта хиларх кхетар бу уьш. Иштта, церан шаьш-шайх дог дер ду, шаьш лелийна вон хӀуманаш а, шаьш мел дина дегаза гӀуллакхаш а бахьана долуш.
Шамъала дерриге а Исраилан халкъе элира: «Шу доггах Везачу Элана тӀедерзахь, аша кхечу къаьмнийн деланаш шайн дага чуьра дӀабаха беза. Аша Ӏаштарт цӀе йолчу далла бина болу цӀуш дӀабаха беза. Шайн дегнашца шу Везачу Элана тӀедерза, Цунна цхьанна гӀуллакх а де. ТӀаккха Цо шу пӀелаштамхойн баланех кӀелхьардохур ду».