Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 4:26 - Делан Йозанаш

26 Иштта хилча, тахана ас стигаллий, латтий тоьшалла дан схьакхойкху, Йордан-хина дехьа а девлла, аша шайн дола доккхуш долчу лаьтта тӀехь шу сихха хӀаллакьхир ду аьлла. Аша цигахь дукха хан а йоккхур яц, ткъа шу цигара хӀаллакдина дӀадохур ду.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 4:26
32 Referencias Cruzadas  

Оха хӀара гӀала йохор ю, хӀунда аьлча Везачу Элана тӀекхоьхьуш кху гӀалара бахархошна дуьхьал дукха аьрзнаш ду. Цо дахкийтина тхо иза хӀаллакьян».


тӀаккха, Айса деллачу лаьттах а хадийна, дуьтур ду Ас Исраилан халкъ. Сайн цӀе язъяйта къобалдина долу цӀа а дӀадоккхур ду Ас. ТӀаккха, дерриге а халкъаша кицанна а, беламна а далош, дӀахӀуттур ду Исраилан халкъ.


ЛадогӀа, стигалш, ладогӀа, латта, хӀунда аьлча Везачу Эло боху: «Ас, кхиийна, айинера Сайн кӀентий, ткъа уьш Суна дуьхьалбевлла.


Ас элира: «Дукхачу ханна хир дуй иза, Хьалдолу Эла?» Цо жоп делира: «ГӀаланаш ясса а елла, бахархой а боцуш йиссалц, адамаш доцуш цӀенош диссалц, хӀара латта дерриг а дассадаллалц.


Цундела Аса шу, кху лаьтта тӀера дӀа а кхиссина, шуна а, я шун дайшна а девзаш доцучу махка дӀадохуьйтур ду. Цигахь лелар ду шу дийнахь а, буса а кхечу деланашна Ӏамал еш, ткъа Аса шух къинхетам бийр бац“».


Тамаша бейша хӀокху хӀуманна, стигалш, Ӏадаяй, инзарйовлийша!» – боху Везачу Эло. –


Ва ЯхӀудан латта! Аса хьоьга чӀогӀа доьху, Везачу Элера болчу хӀокху хааме ладогӀа!


Хьажахьа, мостагӀаша гӀалина гонах, латта хьала а тесна, гунаш дина, шайна иза схьаяккха атта хилийта. Туьро а, мацалло а, Ӏожаллин уьно а гӀалина тӀелеташ болчу хашадхойн кара дӀадолуьйтур ду цуьнан халкъ. Веза Эла, Ахьа аьлларг хуьлуш лаьтташ ду, иза Хьуна гуш а ду.


Везачу Эле кхин са ца тохаделира аша лелочу зуламечу а, дегазчу а гӀуллакхашна. Цундела шун латта тахана дохийна а, дассаделла а, тӀехь Ӏаш адам а доцуш, лаьтташ ду, ткъа наха цуьнан цӀе яккхарца неӀалт олу.


ЛадогӀал, латта! Аса ЯхӀудан халкъана тӀе боккха бала боуьйтур бу. Ткъа и бала цара йина ойланаш бахьана долуш хир бу, хӀунда аьлча цара Аса аьллачуьнга тидам а ца бира, ткъа Сан товрат-хьехам дӀа а теттира.


Ас латта дассор ду, цу махко дозалла деш мел хилла долу хӀума хӀаллакьхир ду. Исраил-махкара лаьмнаш а дассалур ду, кхузахула тӀехволуш гуш стаг а хир вац.


Цундела ладогӀа, Исраил-мехкан лаьмнаш, Хьалдолчу Элан даше. Цо боху лаьмнашка, гунашка, Ӏаннашка, тогӀешка, йохийна лаьттачу меттигашка, иштта шуна гонах долчу кхечу къаьмнашна ижуна хиллачу а, церан кхардам хилла дӀахӀиттийначу а яьсса лаьттачу гӀаланашка’.


Цара санна, аш и латта бехдахь, цо шена тӀера дӀаӀеттор ду шу, шул хьалха цигахь Ӏийна халкъаш санна.


ЛадогӀа массо а халкъаша, тергам бе лаьтто а, цунна тӀехь мел долчо а! Шуна дуьхьал теш хуьлийла сан Хьалдолу Эла, Шен дезачу цӀийнера волу Веза Эла!


ЛадогӀа, лаьмнаш, Везачу Элан гӀуллакхе! Лаьттан онда бух, ахьа а ладогӀа! ХӀунда аьлча Везачу Элан цхьа къовсам бу Шен халкъаца. Цо Исраилан халкъе бехк боккху.


Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дӀаяллалц».


ТӀаккха Везачу Элан оьгӀазалла, яьлла цӀе санна, шуна дуьхьал ер ю, Цо стигал дӀакъовлур ю, догӀа цигара ца даийтархьама. Цундела лаьтто шен ялта лур дац. ТӀаккха шун Везачу Эло шуна луш долчу дикачу лаьтта тӀехь шу кестта хӀаллакьхир ду.


Шена тӀера шу дӀадерзарна, аш дечу муьлххачу гӀуллакха тӀехь Везачу Эло неӀалт а, дохар а, вон болх а хуьлуьйтур бу шуна, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц.


Везачу Эло хӀоралла а, хорша а, хьу кхетар а, йокъа а, бовха мох а, мекха а хоьцур ю шуна тӀе. Цара хьийзор ду шу хӀаллакьхиллалц.


И дерриг а неӀалташ шуна тӀехь хир ду, шуна тӀера девр а дац уьш, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц, хӀунда аьлча аш шайн Везачу Деле ла а ца дуьйгӀира, Цо тӀедиллинарг а, Цуьнан парзаш а кхочуш а ца дира.


Кху тептар тӀехь язйина йоцу муьлхха а цамгар а, ун а хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло, шу хӀаллакдина дӀадовллалц.


Уьш Везачу Эло Шен чӀогӀачу оьгӀазаллехь, дераллехь орамашца церан лаьтта тӀера дӀа а даьхна, кхечу лаьтта тӀе кхийсина, хӀинца вайна гуш ма-дарра“.


Шайн массо а тайпанийн къаной а, баьччанаш а суна тӀекхайкха. Ас царна дӀахозуьйтуш дӀаэр ду хӀара дешнаш, ткъа царна тӀе тоьшалла дайта ас стигал а, латта а тӀекхойкхур ду.


«Тергам бе, стигал, со вистхир ву. Лаьтто а ладогӀа сан багара долучу дешнашка.


ХӀунда аьлча цара шун кӀентий Сох дӀаберзор бу, кхечу деланашна Ӏамал яйтархьама. ТӀаккха Везачу Элан дераллин цӀе шуна тӀехьодур а ю, Цо шу сихха хӀаллакдийр а ду.


Нагахь санна шу, шайн Веза Дела виц а вина, кхечу деланашна тӀаьхьахӀиттахь, царна Ӏибадат а деш, царна Ӏамал а еш, шу лелахь, ас тахана тоьшалла до, шу хӀаллакьхир ду аьлла.


Везачу Эло шуна хьалхара хӀаллакдеш дӀадоху халкъаш санна, хӀаллакдийр ду шу, шайн Везачу Делан озе ла ца дугӀу дела».


Нагахь шайн Везачу Дала кхочушбе аьлла, шайна тӀебиллина болу Цуьнца бина барт а бохийна, кхечу деланашна аш Ӏибадат дахь, Везачу Элан оьгӀазалла юссур ю шуна тӀе. ТӀаккха Везачу Эло шуна деллачу исбаьхьчу лаьтта тӀера сихха дӀадевр ду шу».


Нагахь Веза Эла дӀа а тесна, хийрачу деланашна аш Ӏамал яхь, шуна дуьхьал а ваьлла, Цо таӀзар дийр ду шуна. Хьалха шуьца дика хиллехь а, Цо хӀаллакдийр ду шу».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios