Царна корта а ма бетта, Ӏибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таӀзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц таӀзар до.
Лехалаш Веза Эла – дийна дуьсур ду шу. ЦӀеран алу санна, Иза Юсупан цӀенна тӀе ма кховдийта. Оцу цӀеро иза хӀаллакдийр ду. Бетал-гӀалахь цхьа а хир вац и цӀе дӀаяйа.
Веза Эла – эмгаралла йолу Дела а, бекхамхо а ву. Бекхам бийриг а, дераллах вуьзнарг а ву Иза. Шена дуьхьалболчарна бекхам а бо Цо, мостагӀашна дуьхьал моха а латтайо Цо.
«Динан ден АхӀаронан кӀентан ЭлиӀазаран кӀанта Пайнехьаса, исраилхошна юкъахь церан харцделанашка йолу Сан эмгаралла кхиамца гучу а йоккхуш, Исраилан халкъе йолу Сан дералла дӀаерзийра. И бахьана долуш Аса и халкъ хӀаллак ца дира, Сайн эмгаралла хиллехь а.
Царна корта а ма бетта, Ӏибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таӀзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц таӀзар до.
хӀунда аьлча шуна юкъахь хуьлуш волу Веза Дела эмгаралла йолу Дела ву. Шу кхечу деланашна тӀедерзахь, Иза, латийна цӀе санна, дарлур а ву, Цо дуьнен тӀера дӀадохур а ду шу.