22 Йордан-хина дехьа а ца волуш, хӀокху лаьтта тӀехь лийр ву со, ткъа шу дехьа а девр ду, и токхе латта аша шайн дола а доккхур ду.
«Шу бен магийна дацара Ас лаьтта тӀехь мел долчу тукхамашна юкъара. Цундела Ас жоьпе а озор ду шу, аша мел лелийна зуламаш бахьана долуш».
Цу лаьтте дӀахьаьжначул тӀаьхьа, хьо дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву, хьан ваша АхӀарон дӀа-ма-кхеттара,
хӀунда аьлча Цин цӀе йолчу яьссачу арахь хиш долчу меттехь халкъ карзахдаьллачу хенахь, ахьа а, АхӀарона а, Аса шуьшинна тӀедиллинчунна дуьхьал а волуш, халкъана хьалха Сан возалла къобал ца дира». (Уьш дара Цин цӀе йолчу яьссачу арахь долчу Мериба-Кхадеш-шовданан хиш.)
«Исраилан халкъана тӀера маданхошна бекхам бе, цул тӀаьхьа хьо, дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву».
Шу бахьана долуш Веза Эла суна а оьгӀазвахана. Цо элира: „Хьо а вер вац оцу лаьтта тӀе.
Лохьа пурба Йордан-хих дехьа а ваьлла, цунна дехьа долу дика латта ган – исбаьхьа хаза лаьмнаш а, Ливанун латта а“, – бохуш.
Пасга-ломан боххье хьалавала. ДӀахьажа малхбалехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а. Дерриг а гуш долчуьнга дикка хьажа, хӀунда аьлча Йордан-хина дехьа валалур вац хьо!
Везачу Эло Мусага иштта элира: «Хьо дӀакхелха денош тӀекхочуш ду. ЮшаӀ тӀе а кхайкхий, гуламан четарна чу воллучохь совца. Ас иза Исраилан халкъана тӀехь куьйгалхо санна къобалвийр ву». Муса а, ЮшаӀ а, ший а схьа а веана, гуламан четарна чу воллучохь сецира.