Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 4:21 - Делан Йозанаш

21 Веза Эла шу бахьана долуш суна оьгӀазваханера. Цо чӀагӀо йинера, со Йордан-хина дехьа а вер вац, шун Везачу Дала шун дола луш долчу оцу беркатечу лаьтта а вер вац аьлла.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 4:21
13 Referencias Cruzadas  

Амма Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Исраилан халкъана хьалха Сан возаллех тоьшалла дан шу тешар ца тоарна, Ас лун долчу лаьтта тӀе аш халкъ дуьгур дац».


Шу бахьана долуш Веза Эла суна а оьгӀазвахана. Цо элира: „Хьо а вер вац оцу лаьтта тӀе.


Шу цкъа хӀинца а паргӀато йолчу а, шун Везачу Дала шайна кхочуьйтучу лаьтта тӀе ма ца девлла.


Делахь а, шуна юкъахь мисканиг хила ца веза, хӀунда аьлча шун Везачу Дала шун дола дӀалуш долчу лаьтта тӀехь шу шортта декъалдийр ду.


Иза делаш шун Везачу Дала шун дола лур долчу шайн лаьттана юккъехь бехк боцучу стеган цӀий ца Ӏанадайтархьама а, шуна тӀехь цӀий ца хилийтархьама а.


Шайн Везачу Дала шайн дола луш долчу лаьттах кхо дакъа а де, хӀора декъа чохь дӀакъастийна йолчу гӀалина тӀедоьлху некъаш а де, адам дийна волчу муьлххачу а стеган цига дӀавада аьтто хилийтархьама.


Ткъа шун Везачу Дала шун дола схьалуш долчу лаьттахь йолчу гӀаланашкахь цхьа а чохь са долу хӀума дийна ма йиталаш.


цу докъе дитта тӀехь буьйса ма яккхийта, оццу дийнахь иза дӀаволла, хӀунда аьлча диттах ирхъоьллина волу муьлхха а стаг Далла хьалха неӀалт кхайкхийна ву. Шайн Везачу Дала шайн дола луш долу латта бех ма де».


ХӀета, цуьнан дуьххьарлера майра хиллачу стеган иза шена юхайига бакъо яц, иза бехъелла дела. Шун Везачу Далла хьалха иза дегаза хӀума ду. Шайн Везачу Дала шуна дола луш долу латта сийсаз ма даккха».


«Шун Везачу Дала шуна кхочуьйтур долчу лаьтта тӀе а даьхкина, и латта шайн дола а даьккхина, шу цигахь даха охьахевшича,


Амма Веза Эла шу бахьана долуш суна оьгӀазъоьхура. Цо ла ца дуьйгӀира соьга. Везачу Эло соьга иштта элира: „Тоьар ду! Кхин ма дийца Соьга цунах лаьцна!


«Сан хӀинца бӀе ткъа шо кхаьчна. Соьга хӀинца шуна тӀехь куьйгалла ца дало. Везачу Эло соьга иштта аьлла: „Хьо хӀокху Йордан-хих дехьавалалур вац“.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios