Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 4:19 - Делан Йозанаш

19 Иза делаш, стигала шаьш хьалахьаьжча, малххий, буттий, седарчий – и дерриге а стигалан ницкъаш бу – шайна гича, Ӏеха а делла, царна Ӏибадат ца дархьама а, царна гӀуллакх деш ца лелархьама а, хӀунда аьлча шун Везачу Дала стигал кӀел мел долчу халкъашна делла и дерриге а.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 4:19
30 Referencias Cruzadas  

Дала элира: «Хуьлийла стигалахь серлонаш! Лаьтта тӀе билгалонаш лойла цара, де буьйсанах а къастош, хенан заманаш а йоькъуш, денош а, шераш а доькъуш.


Иштта кхолладелла стигалш а, латта а, царна тӀехь мел йолу хӀума а.


Халкъо шайн Везачу Делан весеташ дӀатеттира. Цара шайна деших доьттина ши эса а дӀахӀоттийра, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бӀогӀам а бира. Цара стигалшкахь мел болчу ницкъашна Ӏибадат а дора, БаӀал-харцдалла Ӏамал а йора.


Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта цо, исраилхойн паччахь волчу Ахьаба санна, БаӀална сагӀа доккху меттигаш а кечйора, Ашерана лерина болу дечиган бӀогӀам а дӀахӀоттабора. Цо стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора.


ДӀаяханчу заманахь яхӀудхойн паччахьаша говраш а, гӀудалкхаш а хӀиттайора Везачу Элан цӀийнан керта чу воллучохь, паччахьан кертара куьйгалхо волчу Ната-Маликан цӀенна юххехь. Малхан далла къобалйинера и говраш а, гӀудалкхаш а. Юши-ЯхӀу-паччахьо и говраш цигара дӀаяхийтира, ткъа гӀудалкхаш ягаяйтира.


Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта БаӀал-харцделанашна сагӀа доккху меттигаш кечйора, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хӀиттадора цо. Стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора цо.


Хьо – Веза Эла ву! Хьо бен, цхьа а вац! Ахьа стигалш а, царна чохь мел долу седарчий а кхоьллина! Уггар лекха стигалш а, царна чохь мел болу ницкъаш а кхоьллина Ахь! Ахьа латта а, цу лаьтта тӀехь мел долу хӀума а кхоьллина! Ахьа хӀордаш а, цу чохь мел долу хӀума а кхоьллина. Массо а хӀуманна дахар а делла. Стигалара ницкъаш а Хьуна Ӏибадат деш ду!


Цо гӀо доккхийла хьоьгахьа Шен цӀа чуьра, Цийон-лам тӀера хьо чӀагӀвойла Цо.


Ярушалаймера цӀенош а, яхӀудхойн паччахьийн цӀенош а – шайн цӀенойн тхевнашна тӀехь стигалийн ницкъашна кӀур тоьхна а, кхечу деланашна чагӀаран сагӀанаш даьхна а долу массо а цӀенош – Тупат санна, Далла хьалха боьха хир ду“».


Иштта боху Везачу Эло: «Аса малх дийнахь схьакхоьтуьйту, ткъа беттаса а, седарчий а буса схьакхоьтуьйту. ТулгӀенаш чӀогӀа гӀоьргӀуьйтуш, хӀорд карзахболуьйту Аса, Сан цӀе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.


Амма Веза Эла волчу Аса боху: нагахь дийнаца а, буьйсанца а Айса бина барт а, иштта стигалах а, лаьттах а долу весеташ а Айса чӀагӀ ца динехьара,


Оцу нехан даьӀахкаш дӀасаяржийна хир ю малхана а, беттасинна а, стигалан седарчашна а кӀелахь. Стигалара и хӀуманаш хӀокху нахана езара, царна хӀокху наха гӀуллакх а дора, уьш царна тӀаьхьа а лелара, царах уьш дагадовлура, царна Ӏибадат а дора. Цхьаммо а юха схьагулйийр яц и даьӀахкаш, уьш цхьаммо а дӀа а юхкур яц. Уьш, лаьттахь Ӏуьллуш долу кхо санна, цигахь Ӏохкур ю.


Цо лаьмнашкахь цӀушна Ӏамал еш даьккхинчу сагӀанах хӀума а ца йоу, цо Исраилан халкъан цӀушна доӀанаш а ца до, иза шен лулахочун зудчуьнца а ца лела, шен зудчун ламаз доьхначу хенахь цунах хьакха а ца ло.


ТӀаккха Цо со Везачу Элан цӀийнан чоьхьарчу керта вигира. Цигахь суна охьатеӀаш лаьтташ волу ткъе пхиъ боьрша стаг гира. Уьш цӀийнан лабанний, сагӀа доккхучу кхерчаний юккъехь лаьтташ бара, Везачу Элан цӀенна букъ а берзийна. Церан яххьаш малхбалехьа дӀайирзина яра, ткъа уьш шаьш малхана корта бетташ бара.


Тхевнна тӀе хьала а ваьлла, стигалшкахь мел болчу ницкъашна сужда ваханарг хӀорра а хӀаллаквина дӀавоккхур ву Ас. Веза Эла волчу Суна Ӏибадат а деш, тешаме хила чӀагӀо а еш, амма шайн паччахьах чӀагӀонаш йийраш а хӀаллакбина дӀабохур бу Ас.


шайн стигалахь волчу Ден бераш шу хилийта. Цо цхьа а ца къаставо шуна: Цо малх массарна а къоьгуьйту – дикачунна а, вочунна а. ДогӀа а Цо цхьатерра доуьйту Шен лаамехь болчарна а, боцучарна а.


И бахьана долуш Дела дӀавирзира царна тӀера, уьш стигаларчу седарчашна Ӏибадат дан а битина. Пайхамарийн жайни тӀехь яздина ма ду: „Исраилан халкъ! Шовзткъа шарахь яьссачу арахь Суна тешаме хилар гайтархьама, дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш даха ма ца дийзира хьан!


Делах лаьцна долу бакъдерг харцдолчух а хийцина, Дала кхоьллинчу хӀуманашна Ӏибадат дора цара, шаьш Кхоьллинчунна Ӏибадат даран метта. Ткъа Цунна даим бу хастам, амин!


Цунна и валлалц тӀе тӀулгаш кхисса, Мисар-махкара, лоллин цӀийнара, хьо араваьккхинчу хьан Везачу Делах хьо дӀаверзийта уьш гӀерта дела.


Ткъа и пайхамар я и гӀенаш гург Ӏожаллин кара дӀало, шу Мисар-махкара арадаьхначу а, лоллин цӀийнара паргӀатдаьхначу а шайн Везачу Делах шу дӀадерзийтархьама къамелаш ишттачу наха до дела. Ткъа царна шу галдаха ма лаьа шун Везачу Дала весет дина болчу некъа тӀера. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.


нагахь санна цара, Ас тӀедиллина долчунна дуьхьал а лелаш, кхечу деланашна Ӏамал а яхь, я царна, я малхана, я баттана, я стигалийн ницкъашна Ӏибадат а дахь,


лаьттахула текхачу дийнатан я лаьттал лахарчу хи чохь нека дечу чӀеран вастехь.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios