Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 4:14 - Делан Йозанаш

14 ХӀетахь тӀедиллира суна Везачу Эло шайн дола даккха шу тӀедовлучу лаьтта тӀехь шайга кхочушдайта деза парзаш а, тӀедехкинарш а шуна Ӏамор».

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 4:14
7 Referencias Cruzadas  

«Халкъана хьалха ахь кхайкхо деза тӀедехкинарш хӀорш ду:


«Шу Йордан-хина дехьадевлча, тахана ас шайна тӀедуьллуш долу Делан дерриг а весеташ ларделаш, цигара долу латта, чу а гӀоьртина, шайн дола даккхал ницкъ шайн хилийтархьама.


Цо шуна Шеца беш болчу бертан тӀедожораш дӀакхайкхийра, шайга кхочушдайта итт хьехам шуьга дӀа а хоуьйтуш. Везачу Эло уьш тӀулган шина экъанна тӀе дӀаязбира.


«Веза Эла Хьариб-ломахь цӀеран юккъера шайга вистхиллачу оцу дийнахь шайна цхьана а тайпана васт ца гина дела, шайн дегнашкахь дерг чӀогӀа ларделаш.


Цхьа а хӀума аса шуна тӀедиллинчунна тӀе а ма тоха, цунна тӀера дӀа а ма даккха. Ларде Аса шуна тӀедуьллуш долу шайн Везачу Делан весеташ.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios