Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 4:12 - Делан Йозанаш

12 ТӀаккха Веза Эла шуьга вистхилира оцу цӀерана юккъера. Цо дуьйцург шуна хезара, амма Цуьнан васт ца гора, аз бен ца хезара.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 4:12
24 Referencias Cruzadas  

Везачу Эло Мусага элира: «Юькъачу мархи юкъахь хьуна дуьхьал хӀуттур ву Со, Ас хьоьца деш долу къамел хезча, нах гуттаренна а хьох тешийтархьама». ТӀаккха наха аьлларг Везачу Элана хаийтира Мусас.


Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала исраилхошка: „Шуна гира, Ас стигалара шайга къамел деш.


Шун лергашна хезар ду шайна тӀехьа аьлла дешнаш: «ХӀара бу некъ, цу тӀехула гӀо дӀа», нагахь шу, новкъа дӀадоьлхуш, аьтту я аьрру агӀор дӀадерзахь.


Иштта, хьаьнца вустур вара аш Дела? Цуьнца юста хӀун кеп хир яра шун?


Кхойкхучун аз хезаш ду: «Яьссачу аренгахь Везачу Элана некъ кечбе! Эрначу аренгахь нисде тхан Далла некъан тача!


Озо боху: «ДӀакхайкхаде!» Ас хоьтту: «ХӀун кхайкхо деза ас?» «Кхайкхаде, хӀора адам буц санна ду, цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю.


Аса цуьнца, юьхь-дуьхьал а волуш, ма-дарра къамел до, хӀетал-металш а ца далош. Цунна Везачу Элан васт а го. Шу муха даьхьнера Сан лай волчу Мусана тӀехтохам бан?»


Цо иза олучу юккъехь, лепаш йолу марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь. Мархи юккъера царна аз хезира: «ХӀара ву Суна дукхавезаш волу Сан КӀант! Цуьнгахула бу Сан лаам! ЛадогӀалаш Цуьнга!»


Стигалара схьахезаш долчу озо элира: «Иза ву Сан хьоме КӀант! Цуьнца бу Сан лаам!»


Яхьъях лаьцна ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлла: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: Везачу Элана некъ кечбе! Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!»


Везачу Эло, Ша хьалха лам тӀехь гуламан дийнахь цӀеран юккъера схьааьлла болу итт хьехам оцу экъанаш тӀе дӀа а язбина, уьш соьга схьаелира.


Юххе а даьхкина, шу ломан кӀажехь севцира. Ткъа и лам стигала дӀакхаччалц цӀе яьлла богура. Цигахь Ӏаьржа бода а, юькъа мархаш а яра.


Цо шуна Шеца беш болчу бертан тӀедожораш дӀакхайкхийра, шайга кхочушдайта итт хьехам шуьга дӀа а хоуьйтуш. Везачу Эло уьш тӀулган шина экъанна тӀе дӀаязбира.


«Веза Эла Хьариб-ломахь цӀеран юккъера шайга вистхиллачу оцу дийнахь шайна цхьана а тайпана васт ца гина дела, шайн дегнашкахь дерг чӀогӀа ларделаш.


ТӀаьхьа дийна а дуьсуш, хьуна санна хезний те цхьана а халкъана делан аз цӀеран юккъера схьадечу къамелаца?


Цо стигалара Шен аз хазийтина, шу Ӏаморхьама. Цо лаьттахь Шен сийлахь йолу йогу цӀе а гайтина шуна, цӀеран юккъера Иза Ша вистхуьлуш а хезна шуна.


ХӀара хьехамаш лам тӀехь волчу Везачу Эло чӀогӀачу озаца халкъан берриг а гуламна белира. ЦӀерана а, мархина а, Ӏаьржачу боданна а юккъера Ша вистхилча, царал сов, Цо хӀумма а ца элира. ТӀаккха и дешнаш тӀулгах йолчу шина экъанна тӀе дӀа а яздина, уьш соьга схьаелира Цо».


Веза Эла ломахь йолчу цӀерана юккъера юьхь-дуьхьал вистхилира шуьга.


Везачу Эло Шен куьйга йоза тӀеяздина йолу тӀулган ши экъа елира соьга. Оцу экъанаш тӀехь яздина дара Везачу Эло гулам болчу дийнахь богучу ломан цӀерана юккъера шуьга схьа мел аьлла дешнаш.


Дала леррина Къобалвинарг – гуш воцучу Делан гуш долу васт ду. Цуьнан дуьххьарлера Доьзалхо ву Иза, кхоьллина мел долчу хӀуманал тоьлуш а волуш.


локхучу маӀан озана а, деш долчу къамелана а. И къамел хезачара дехарш дора, кхин шайга дош ма алахьара бохуш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios