Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 4:11 - Делан Йозанаш

11 Юххе а даьхкина, шу ломан кӀажехь севцира. Ткъа и лам стигала дӀакхаччалц цӀе яьлла богура. Цигахь Ӏаьржа бода а, юькъа мархаш а яра.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 4:11
10 Referencias Cruzadas  

Стигалш дӀаса а теттина, Иза охьавоьссира, Цуьнан когаш бухахь Ӏаьржа мархаш яра.


Мохк бегийначул тӀаьхьа, цӀе елира, амма цу цӀерца а Веза Эла вацара. ЦӀе чекхъяьллачул тӀаьхьа эсала а, тийна а долу аз деара.


И дерриге а дешил деза ду, мазал а, улха чуьра мезан тӀадамал а мерза ду.


Везачу Эло Шен кӀелхьардаккхар довзийтина, Шен нийсо а Цо халкъашна хьалха гайтина.


Везачу Эло Мусага элира: «Юькъачу мархи юкъахь хьуна дуьхьал хӀуттур ву Со, Ас хьоьца деш долу къамел хезча, нах гуттаренна а хьох тешийтархьама». ТӀаккха наха аьлларг Везачу Элана хаийтира Мусас.


ТӀаккха Веза Эла шуьга вистхилира оцу цӀерана юккъера. Цо дуьйцург шуна хезара, амма Цуьнан васт ца гора, аз бен ца хезара.


«Шайна боданна юкъара аз хезча, цӀерах богуш лам гича, шу суна тӀе даьхкира, массо а шун хьаькамаш а, шун къаной а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios