Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 4:1 - Делан Йозанаш

1 «ХӀинца ладогӀа, Исраилан халкъ, тахана ас хьайна хьоьхучу парзашка а, тӀедехкинчаьрга а. Ас уьш кхочушдан хьоьху шуна, шу дийна хилийтархьама а, шун дайн Везачу Дала шайна луш долчу латта тӀе а дахийтина, шуьга иза шайн дола даккхийтархьама.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 4:1
40 Referencias Cruzadas  

Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара, Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира.


ТӀемалочун ирачу пхарца а, жӀоламах богуш болчу кӀегаца а Цо таӀзар дийр ду шуна.


Нахана Делан парзаш а, Цо тӀедехкинарш а Ӏамаде, цара дӀакхехьа безаш болу Делан некъ а бовзийта, цара дан дезаш долу гӀуллакхаш а довзийта.


Везачу Эло соьга элира: «Дерриг а хӀара Сан дешнаш ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а дӀакхайкхаде: „Аса шуьца бинчу бертан тӀедожоршка ла а догӀа, уьш кхочуш а де.


Цу тайпана Сан парзашца лелар бу уьш, Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушдийр ду цара. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву.


Ас царна Сайн парзаш а делира, иштта Сайн тӀедехкинарш дӀа а хаийтира. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула билггал вехар ву.


Амма церан бераш а Суна дуьхьалдевлира. Уьш Сан парзашца ца лелара, цара Аса тӀедехкинарш лар а ца дора, кхочуш а ца дора. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош а сийсаздохура. ТӀаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь царна тӀе Сайн дералла охьаӀано а, цаьрга Сайн оьгӀазалла кхачийта а.


Ас шуна чу Сайн Са дуьллур ду, Аса шу Сайн парзашца лоьлуьйтур а ду, Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушдойтур а ду.


Сан ялхо волу Дауд церан паччахь хир ву, царна массарна а тӀехь цхьа Ӏу а хир ву. Уьш Сан тӀедехкинаршца лелар бу, цара Сан парзаш, кхочуш а деш, лар а дийр ду.


Сан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде. Уьш кхочушдийриг цаьрца вехар ву. Со Веза Эла ву.


Сан парзаш ларде. Хьайн тайп-тайпана бежанаш цхьаьна ма кхетийта. Шина тайпана хӀу ма де хьайн кха тӀе. Шина тайпана кӀадих йина бедар а ма лелае.


Дерриг а Сан парзаш а ларде, Ас тӀе мел диллинарг кхочуш а де. Со Веза Эла ву“».


Сан парзаш лар а де, кхочуш а де, хӀунда аьлча Со шу даздеш волу Веза Эла ву.


Сан весеташ лар а де, кхочуш а де. Со Веза Эла ву.


Ас шайна тӀе мел диллинарг кхочушдан а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тӀекхаччалц».


И шиъ Везачу Эло тӀедиллина гӀуллакх леррина кхочушдеш а, Далла хьалха цӀена а дара.


Шу Сан доттагӀий ду, нагахь аша Ас тӀедиллина гӀуллакх кхочушдахь.


Товрат-хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха адам бакъдарх лаьцна Муса-пайхамаро иштта боху: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».


ШовзткъалгӀачу шеран цхьайтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь бинера Муса-пайхамаро хӀара хьехамаш массо а исраилхошна. Цо дийцинарг дерриг а Везачу Эло царах шайх лаьцна тӀедиллинарг дара.


ХӀара латта Ас хӀинца шуна дӀалуш ду. Чу а гӀортий, шайн дола даккха и латта, хӀунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тӀаьхьа йолчу церан тӀаьхьенна а дӀалур ду аьлла ваӀда дина латта ду иза“».


«Иштта, шайн Веза Дела везалаш. Ларделаш Цо шайна лардан тӀедиллинарг а, Цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а, весеташ а массо а деношкахь.


тахана ас шайга дӀакховдош долу Цуьнан массо а парзаш а, тӀедехкинарш а леррина кхочушделаш».


«Нагахь санна шуна юкъахь цхьа пайхамар я цхьа гӀенаш гург хаалахь, цо шуна тамашийна билгалонаш, я инзаре хӀуманаш довзийтахь,


Массо а хенахь бакъйолу кхел бен ма елаш, шаьш дийна хилийтархьама а, шайн Везачу Дала шайна луш долу латта дола даккхархьама а.


Нагахь санна тахана ас шайна тӀедуьллуш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогӀахь, – шайн Веза Дела везар, Цуьнан некъашца лелар, Цуьнан весеташ а, Цуьнан парзаш а, Цуьнан тӀедехкинарш а лардар – шу дехар а ду, шу дебар а ду, шайн дола даккха шу тӀедоьлхучу лаьтта тӀехь шу декъал а дийр ду.


Ас тахана тӀекхойкху стигал а, латта а, аша бен болчу харжаман тешаш хила. Ас шуьга харжийта дӀало дахар я Ӏожалла, декъала хилар я неӀалт кхайкхийна хилар. Шайна дахар харжа шу а, шун тӀаьхье а яхийтархьама а,


шайн Веза Дела везарца а, Цуьнан озе ладогӀарца а, Цунах дӀакхетарца а. Шу иштта лелахь, Везачу Дала шун дайшна, ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, лур ду аьлла чӀагӀо йинчу лаьтта тӀехь шу а, шун тӀаьхье а ехха Ӏийр ю».


Ларделаш тахана ас шуна тӀедохкуш долу Цуьнан парзаш а, весеташ а, шайна а, шул тӀаьхьа хир долчу берашна а диканна хилийтархьама а, шун Везачу Дала шайна гуттаренна а луш долчу лаьтта тӀехь шу дуккха а дахкийтархьама а».


Товрат-хьехамна чубогӀуш болу а, шаьш Мисар-махкара арабевллачул тӀаьхьа Мусас цаьрга дӀабелла болу сацамаш а, парзаш а, тӀедехкинарш а ду хӀорш.


Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ иштта нийса парзаш а, тӀедехкинарш а шен долу, тахана ас шуьга дӀакховдош дерш санна?


Исраилан дерриг а халкъ схьа а гулдина, Мусас иштта элира: «ЛадогӀал, исраилхой, тахана ас шун лергашна дӀахозуьйтуш деш долчу парзашка а, тӀедехкинчаьрга а. Уьш Ӏама а делаш, уьш кхочушдан а хьовсалаш.


Шун Везачу Дала шайна тӀедехкинчу некъашца лелалаш, шайна дола дан лун долчу лаьтта тӀехь шаьш дийна хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а, шаьш дуккха а дахийтархьама а».


«ХӀорш ду шун Везачу Дала шуна хьеха аьлла тӀедехкина долу весеташ, парзаш, тӀедехкинарш. Шайна дола даккха шу тӀедоьлхучу оцу лаьтта тӀехь, уьш кхочуш а деш, лела деза шу.


Дерриг а и парзаш кхочушдан а, вайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила а тӀедиллира вайна Везачу Эло, массо а заманахь вай дика хилийтархьама а, тахана санна, вай дийна дисийтархьама а.


Цундела Ас тахана кхочушдан шайна тӀедехкина долу весеташ а, парзаш а, хьехамаш а ларбелаш».


«Ас тахана шайна деш долу весеташ леррина кхочушделаш, шаьш дийна хилархьама а, дебийтархьама а, дӀа а дахана, шун дайшка Везачу Дала, ваӀда а деш, лур ду аьлла долу и латта шайн дола даккхархьама а.


«Ларлолаш, тахана ас шайна тӀедуьллуш долу Цуьнан весеташ, Цуьнан тӀедехкинарш, Цуьнан парзаш кхочуш а ца деш, шайн Веза Дела вицварх.


«ЛадогӀа, исраилхой: шу хӀинца Йордан-хина дехьадовла дохкуш ду, стигал хьалаккхаччал лекха чӀагӀонаш чохь йолу яккхий гӀаланаш йолу а, шун халкъал дукха долу а, ницкъ болу а халкъаш долу латта шайн дола даккхархьама.


ЮшаӀа элира исраилхошка: «ТӀе а дуьйлий, шайн Везачу Делан дешнашка ладогӀа.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios