9 Мусас цунна тӀе куьйгаш дахкар бахьана долуш, хьекъалх вуьзнера Нунин кӀант ЮшаӀ. Цо аьлларг деш хилира исраилхой, Везачу Эло Мусана тӀедиллинарг кхочушдора цара.
лур ду Ас хьуна ахьа доьххург. Ас лур ду хьуна хьекъаллий, кхетаммий, кхин хьо саннарг хьол хьалха цкъа а ца хиллачу тайпана а, кхин хӀинца чул тӀаьхьа хьо саннарг хир а воцучу тайпана а.
Доьху Хьоьга, лохьа Хьайн лай волчу суна хьекъалалла, Хьан халкъана юкъахь нийсаниг лело а, кхелахо хила а. Ӏамавехьа со дика а, вон а къасто. И хьекъал ца хилча, хӀокху Хьан оццул дукха долчу халкъана тӀехь урхалла хьаьнга далур ду?»
Ерихон-гӀаларчу пайхамаршна геннара гира схьавогӀу ЭлишаӀ. Цара элира: «Эли-ЯхӀун са ЭлишаӀана чу доьлла». Пайхамарш, цунна дуьхьал а бахана, лаьтта кхаччалц охьатаьӀира.
Уьш хих дехьабевлча, Эли-ЯхӀус ЭлишаӀе элира: «Хьуна уллора со Дала стигала хьалаваккхале, аса хьайна дан луург деха соьга». ЭлишаӀа элира: «Хьоьца долу са, сайца шозза сов хила лаьара суна».
Иштта, Везачу Элана хьалха, шен ден Дауд-паччахьан метта, паччахь хилла, охьахиира Сулим. Сулим-паччахь декъал хилира, Исраил-мехкан дерриге а халкъ цунна муьтӀахь дара.
Мусагахулий, АхӀаронехулий Везачу Эло тӀе-ма-диллара, и гӀуллакх кхочушдира исраилхоша.
Цу балхана Ас похӀма деллачу говзачу нахе дӀаала, Суна гӀуллакх деш динан да хила иза къобалван, АхӀаронна духарш кечде алий.
Ас иза Делан Синах вуьзна. Муьлхха а хӀума ян похӀма а, говзалла а, хаар а Ас делла цунна:
Везачу Элан Са цунна тӀехь Ӏийр ду. Оцу Сино цунна хьекъал а, кхетам а лур бу, Цо хьехам а, ницкъ а лур бу, Цуьнгахула цунна Веза Эла вевзар а ву, Цунна хьалха ларамах вуьзна а хир ву.
Даниал кхечу элел а, тхьамданел а къаьсташ вара: цуьнгахь къаьсттина тӀех долу хьекъалалла дара. Ерриге а пачхьалкхана тӀехь иза коьртаниг а вина, дӀахӀотто дагадеанера паччахьна.
Чу а воьссина, цигахь Ас хьоьца къамел дийр ду, хьоьца долчу Дезачу Синах, схьаэцна, цхьа дакъа тхьамданашна а кхочуьйтур ду Ас, халкъан баланаш хьоьца цхьаьна цаьрга а дӀакхехьийта.
ХӀунда аьлча Ша Дала Ваийтинчо Делан дешнашца дуьйцу, Дала иза барам боццуш Шен Сих вуьзна дела.
И нах цара векалшна хьалха дӀахӀиттийра. Векалша, доӀа а дина, царна тӀе куьйгаш дехкира.
Муаби-аренашкахь ткъе итт дийнахь цунна тезет хӀоттийра исраилхоша. Мусах белхар даран а, халахетаран а денош цул тӀаьхьа чекхдевлира.
Цунна чохь къайлаяьккхина ю кӀоргге долчу хьекъалан а, кхетаман а мел йолу хазна.
Хьайгахь долу Делан Синан похӀма тергам боцуш ма дита. Делера хиллачу хаамца а, динан тобанан тхьамданаша куьйгаш тӀедахкарца а хьуна делла ду иза.
Сихлой, цхьанна а тӀе доӀанца куьйгаш ма дахка. Кхечара леточу къиношкахь дакъа ма лаца. Хьо-хьо цӀеналлехь латтаве.